Чулацаман тӀегӀо

Къурайш

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Къурайш (Ӏаьр. قريش‎‎‎‎) — хьалхалера Маккара урхаллин тукхам ду; оцу тукхамах схьаваьлла ву Мухьаммад пайхамар ﷺ.

Тукхаман да ФихӀр ибн Малик ву, цуьнан шолгӏа цӀе «Къурайш» хилла.

«Къурайшаш» сурат

[бӀаьра нисйан | нисйан]

(Маккахь доссийна, диъ аят ду)

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!

1. Къурайшийн бартан дуьхьа!

2. Барт хуьлийла церан - Iаьнан а, аьхкенан а некъашлахь.

3. Лолла дойла цара хIокху ЦIийнан [КаIбин] Далла –

4. Мацаллех шаьш бузийначу а, кхерамах шаьш хьалхабаьхначу а.

______________

Дуккхаъчу КъурIанах кхеточарна (тидархошна) хетачуьнга хьаьжча, хIара сурат - хьалхарачу суратан маьIнин тIахье яр ду. И бохург ду: АллахIа, таIзар а дина, хIаллакбина пийлийн бIо - къурайшийн кхерамзаллин а, церан аьттонан а дуьха.

Иштта Сийлахь-Везачу АллахIа Маккарчу бахархошна гIо дина - сане махлелоран некъаш доло: Iай - Йемене, аьхка – Шема. АллахIа хIаллакбина - царна дуьхьал вониг дагалаьцна берш, царна вониг лиъна берш. И бахьана долуш Iаьрбийн бIаьра хьалха хьаьжицIа (КаIбат) а, маккахой а сийлахь бина. Цара чIогIа лоруш бара уьш, цкъа а церан махлелоран коврашна новкъарло а ца йора цара.

ХIан, хIокху шайх биначу къинхетаман дуьхьа цаьрга омра дина АллахIа, шайн Далла шукар де, хастам бе аьлла: «Лолла дойла цара хIокху ЦIийнан [КаIбатан] Далла». И цхьаъ войла аша, Оцу цхьанна дог цIенна лолла а дойла аша: «Мацаллех шаьш бузийначу а, кхерамах шаьш хьалхабаьхначу а».

Цо шуна делла долу дуьненан тIех доккха дика – дуург а, кхерамзалла а, кхин хIуммаъ ца хилча а, оцу даккхийрачу дуьненан диканаша декхарийлахь до шу Сийлахьчу АллахIана хастаме хила.

Я, АллахI! Хастам бу хьуна, шукар до хьуна — Ахьа тхуна мел деллачу диканашна!

АллахI — мел долучу хIуманан Дела ву. Делахь а, сийлахь-деза хьаьжцIа (КаIбат) кхиболучу кхолламашна юккъера даздина схьакъастийна Цо - цуьнан дикалла а, сийлалла а бахьанехь.