Ӏаьнаре дерзар
Ӏаьнаре дерзар — хӀума коча хьолера Ӏаьнкепа я газкепа фазан дехьадаларан процесс, хуьлу хӀуман тӀехула. Ӏаьнаре дерзаран процесс конденсацин (Ӏаьнкепара хьолера коча хьоле дерзар) дуьхьалара процесс ю. Ӏаьнаре доьрзуш кочаллин я чӀогӀачу чалхан тӀиера схьадуьйлу дакъолгаш (молекулаш, атомаш), цуьнца цхьаьна кинетикан энерги болхбан кхин кочаллин молекулийн дуьхьало яйа тоьуш хила еза.
Йукъара амалаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЧӀогӀа чалх Ӏаьнаре ерзарах сублимаци олу, ткъа чухоамера кочалла Ӏанаре ерзарх кхехкар олу. Ӏаьнаре дерзар — эндотермин процесс ю, цуьнца фазан дехьадаларан йовхо худало — коча фазехь молекулин тасадаларан ницкъал тола йойу Ӏаьнаре дерзаран йовхона а, кочалла Ӏаьнаре доьрзуш шордаларан белхана а.
Ӏаьнаре дерзаран процесс йозу молекулийн йовхонан боламан жигараллех: молекулаш сиха мел лела, Ӏаьнаре дерзар сиха хуьлу. Цул сов, Ӏаьнаре дерзарна Ӏаткъам бо арахьарчу диффузин сихалло, ткъа иштта хӀуман шен амало а: масала, спирт Ӏаьнаре доьрзу дуккха а сиха хинал. Ладаме фактор ю кочаллин тӀехулон тӀиера Ӏаьнаре дерзаран майдан барам: готтачу зӀоканчуьра иза меллаша доьрзур ду шуьйрачу бошхӀапчуьрачул.
Молекуляран тӀегӀа
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀокху процессе хьовсу молекуляран тӀегӀанера: луларчу молекулийн тӀеозор юхатоха тоьуш йолу энерги (сихалла) йолу молекулаш, аралелха кочаллин дозанера. Цуьнца цхьаьна йисанчу молекулийн юккъера энергин лагӀло (кочалла шеллало). масала, чӀогӀа йовха кочалла: вай тӀе мох туху, шелъярхьама, цуьнца Ӏаьнаре дерзаран процесс сихайо.
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Испарение // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Берман Л. Д. Испарительное охлаждение циркуляционной воды, 2 изд., М.-Л., 1957.
- Фукс Н. А. Испарение и рост капель в газообразной среде, М., 1958.
- Берд Р., Стьюарт В., Лайтфут Е. Явления переноса, пер. с англ., М., 1974.
- Берман Л. Д. Теоретические основы хим. технологии, 1974, т.8, № 6, с. 811-22.
- Шервуд Т., Пигфорд Р., Уилки Ч. Массопередача, пер. с англ., М., 1982. Л. Д. Берман.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]