Чулацаман тӀегӀо

Хьалхара жӀарахойн тӀелатар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Хьалхара жӀарахойн тӀелатар
Коьрта конфликт: ЖӀарахойн тӀелетарш
Терахь 10961099
Меттиг Гергара Малхбале (Анатоли, Левант, Исраил)
Бахьна Католикийн килсан керстачеран сийлаллаш схьаяха иэшаран идеологин сацам (Клермонан гулам, 1095)
ЖамӀ ЖӀарахойн толам, цара Триполи, Антиохи, Эдесса йаккхар
Хийцамаш Бусалбачаьргара схьадаьхначу латташ тӀаьхь жӀарахоша пачхьалкхаш кхоллар: Эдессан графалла, Антиохин олалла, Иерусалиман паччахьалла, ткъа иштта тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа экспанси йина — Триполи графалла (1105)
МостагӀий

ЖӀарахой: Сийлахь Руман Импери

Паччахьалла Франци

Ингалс

Апулия

Киликийн Эрмалойчоь

Бусалбанаш: Сельджукаш
ДанишмендгӀар
ФатимагӀар
АльморавигӀар
ӀаббасгӀар

БӀаьччаш

Гульельм Эмбрияко
Готфрид Бульонан
Раймунд IV Тулузан
Этьен II де Блуа
Балдуин Булонан
Евстахий III
Роберт II Фландрийн
Адемар Монтейлан
Гуго Сийлахьверг
Роберт Нормандин
Боэмунд Тарентан
Танкред Тарентан
Алексей I Комнин
Татикий
Константин I

Кылыч-Арслан I
Яги-Сиян
Кербога
Дукак
Ридван
Данишменд ГӀази
Ифтихар ад-Даула
Аль-Афдаль Шаханшах

Массон ницкъаш

ЖӀарахой: 30,000 гӀашлой[1]

  • 5000 дошлой[2]

Византи: 2000 стаг[2], Ахархой-жӀарахой: 100 эзар сов стаг

хууш дац

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьа́лхара жӀа́рахойн тӀелата́р кечдира 1096 шарахь руман папин Урбан II-гӀачун сацамца, византийн императора Алексей I-чо дехар динчул тӀаьхьа, Ӏалашо малхбален керстачарна Анатоли (Жима Ази) сельджукех ларъеш гӀодар йолуш. ТӀелатаран Ӏалашо хилира сийлахь гӀала Иерусалим а, Сийлахь латта а бусалбачарех мукъа даккхар. Йуьхьанца руман папин кхайкхам хьажийна бара беккъа французийн рыцаршка, амма тӀаьхьа цунах хилира йаккхий масштабийн тӀеман кампани, ткъа и ойланаш дӀалецира Малхбузен Европин йерриг керста пачхьалкхаша. Массо а къаьмнийн феодалаш а, миска нах а латта тӀехула а, хӀорд чухула а Малхбалехьа гӀоьртира, новкъахь туркойн-сельджукийн Ӏедалах мукъа даьккхина Жима Азин малхбузен дакъа а, Византийн бусалбачарех болу кхерам дӀа а баьккхина, 1099 шеран июлехь схьайаьккхира Иерусалим. Хьалхара жӀарахойн тӀелатар долуш кхоьллира Иерусалиман паччахьалла, кхин жӀарахойн пачхьалкхаш, уьш цхьаьна тухара Латинан Малхбале цӀаро. ЖӀарахойнтӀелетаран историн ладаме роль ловзийра син-мехаллин рыцарийн орденаш.

Девнан историн хьалхе

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ЖӀарахойн тӀелатаран цхьа бахьна дара византийн императора Алексей I Комнина Руман папега орца дехар. И орца дехар масех бахьнийца дара. 1071 шарахь императоран Роман IV Диогенан эскар хӀаллак дира туркойн-сельджукийн султана Алп-Арслана Манцикертера тӀамехь. Оцу тӀамо а, цул тӀаьхьа Романа IV Диоген даржера вожаваро а гражданийн тӀом баьккхира Византехь, иза ца сецира 1081 шарахь Ӏарш тӀе Алексей I Комнин кхаччалц. Оцу хенахь туркойн-сельджукийн тхьамданаш аьтто бан кхиира Константинополера девнех, схьалецира анатолийн акъарин доккхаха долу дакъа. Шен урхаллин хьалхарчу шерашкахь Алексей Комнинан гуттаренна а дов латто дийзира шина фронтехь — малхбузера тӀелета Сицилера норманнашна а, малхбузера тӀелета туркой-сельджукашна а дуьхьала. Византийн империн Балканийн мехкаш а иштта половхой тӀелеташ дара.

Оцу хьолехь Алексейс сих-сиха Малхбузен Европера мехах тӀемлой лелабора, византихоша царех франкаш йа кельташ олура. Империн бӀаьччоша лакхара мах хадабора европахойн дошлойн тӀеман говзаллин а, мехах болу салтий лелабора тӀелеташ долу дакъош санна. Церан корпус даиман а йуза езаш йара. 1093 йа 1094 шарахь Алексейс, схьагарехь, Руман папега орца дийхира рогӀера корпус вовшахтохарехь. Тарло, и дехар ЖӀарахойн тӀелатаран бахьана хилир.

Кхин бахьна хила тарло малхбузе кхаьчна Палестинехь къизаллаш йарах эладиташ. Оцу хенахь Гергара Малхбале Сийлахь сельджукийн султанатан (цуо дӀалоцура хӀинцалера Иранан а, Шеман а ладаме дакъа) а, Мисран ФатимгӀеран пачхьалкхан а йукъара фронтан асане нисйелира. Сельджукашкахьа бара коьртаниг бусалбанаш-суннийш, ФатимгӀаьргхьа — коьртаниг бусалбанаш-шиӀиташ. Палестинера а, Шемара а кӀезиг болу керстанаш ларбан цхьа вацара, тӀаккха тӀом болуш церан цхьаболу векалшна талораш дора. Оцуо даьккхина хила тарлора Палестинехь бусалбачара ечу къизаллех эладиташ.

Цул сов Гергарчу Малхбалехь кхиа доладелира керсталла: оцу махкахь йара дуьххьарлера керстачеран йукъараллаш, лаьттара дукхаха йолу керстачеран йеза меттигаш.

Шема а, Палестина а Адженадеинехь (634) а, Ярмукехь (636) а толамца карайоьду царна. Къудс-ГӀала дӀалоцу 638 шарахь. Искандри 643 шарахь, Мисрал тӀаьхьа дукха хан ялале схьайоккху йерриг Къилбаседа Африка. Кипр дӀалаьцна 680 шарахь.

XI бӀешеран шолгӀачу декъехь (1078 а, 1081 а шерашна йукъахь) Жимачу Азехь гучубовлу туркой, цара туркойн-сельджукийн цхьа могӀа кегийра пачхьалкхаш йохку (Димашкъан, Хьалебан, кхин а).

Иза бахьнехь керстачеран ойла кхоллайелира, шайн хьийзош болу вежарий ларбан беза, дайна латташ а, сийлаллаш а йухайерзо йеза аьлла.

Руман папин кхайкхамаша, Пётр Амьенан а, кхин динан гӀуллакххойн а чураваьлла бен хьехамаша, ца хиллачу кепара адам айира. Францин, Германин, Италин тайп-тайпанчу меттигашкахь кечам беш бара тӀелата. Цул сов, эзарнаш адамаш шеш тобанашка цхьаьнакхетта, оьхура Малхбале.

I эзар шеран шолгӀа декъехь бусалбачара дехира Къилбаседа Африкин доккхаха долу дакъа, Мисар, Палестина, Шема, Испани, кхин дуккха а мехкаш.

Амма ЖӀарахой тӀелетаран заманахь бусалба дуьне чуьра декъна дара, тайп-тайпана маьхкийн урхалчашна йукъахь дара гуттаренна а тӀемаш, дин а декъаделира масех некъана а, тобанна а. цунах аьтту баккха сихбелира арахьара мостагӀий, царна йукъахь Малхбузера керстачеран пачхьалкхаш а.

Иштта, Испанера Реконкиста, Норманнаш йаьккхина Сицили, норманнаш къилбаседаафрикин бердашна тӀелетар, Пизас Генуя а, Арагонас Мальоркехь, Сардинехь мехкаш дахар, керстачеран урхалчийн тӀемаш бусалбачарна дуьхьала хӀорд тӀехь, гойтура XI бӀешеран малхбузеневропин арахьара политикин агӀо.

Иштта ладаме роль ловзийра руман папин шен Ӏедал шордан лаамо керла пачхьалкхаш а, мехкаш а схьадохуш. ТӀаьхьа иштта нис а делира. Малхбузен европахой дуккха а дешийн талор динехь а, амма дуккха а, оцу хенан, иэшамаш хилира моралан агӀора а, адамашца а, ткъа бусалбачарна шозза сов иэшам хилира, тӀаьхьа царна къоьлла йуьйлира.

Малхбузен Европа

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Файл:First crusade map.jpg
Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран карта.

Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран ойлан йуьхьиг хуьлу Малхбузен Европехь Хьалхара ЙуккъерабӀешераш чекхдаьллачу муьрехь хӀоьттина хьал. Каролингийн импери йекъа а йекъна, майра мажарш а, викингаш а керсталле балийначул тӀаьхьа, хӀоьттира дикка машар. Амма хьалхарчу масех бӀешарахь Европехь кхоллайелира дийна тӀемлойн класс, церан дозанашкара арахьара кхерам дӀабаьлча, дийзира шайн ницкъ гайта шайна йукъара девнашкахь, ахархойн гӀиттамаш охьатаӀош. ЖӀарахой тӀелатар къобал деш, папас Урбан II-гӀачо аьлла: «Кхузахь декъах ваьлларг а, къениг а, цигахь самукъане а, хьал долуш а хир ву».

Малхбузен Европа

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бусалбачаьрца ца совцу тӀемаца долу девнаша къаго таро йира исламан дуьхьала Сийлахь тӀеман ойланан. Бусалбачара Къудс-ГӀала — керста динан дог, — дӀалаьцначу хенахь папас Григорий VII-гӀачо 1074 шарахь кхайкхам бира Керсталлин тӀемлошка (лат. milites Christi) Малхбале а гӀой, гӀо де Византийн сийлахь латтанаш схьадаха аьлла, ткъа Византийн кхо шо хьалха ладаме иэшам бинера Манцикертерачу тӀамехь. Папин кхайкхам тергал ца бира къонахалло, тӀаккха а тидам тӀебахийтира Малхбалерачу хиламашна, Сийлахь латтанашка зийарат даран тулгӀе йолийра. Дукха хан йалале хаамаш эха буьйлабелира зийарате оьху нах сийсаза боху, хьийзабо бусалбачара Къудс-ГӀала а, кхин сийлахь гӀаланашка оьхучу новкъашкахь. Оцу хаамаша керстачарна йукъахь реза ца хиларан тулгӀе йолийра.

1095 шеран март болалуш Пьяченцера килсам гуламе Византийна сельджукашца къовсам латтош гӀолаца аьлла дехарца кхечира императоран Комнин Алексейн вакилат.

1095 шеран 26 ноябрехь французийн гӀалахь Клермонехь хилира килсан гулам, цигахь дуьхьала элий а, синмехаллин гӀуллакххой а болуш папас Урбан II-гӀачо ир-кар хӀоттош къамел дира, гулбеллачаьрга кхайкхам бира Малхбалехьа а гӀой Къудс-ГӀала бусалбачеран карара мукъайаккха аьлла.[3] И кхайкхам беркате хилира керстачарна, хӀунда аьлча ЖӀарахой тӀелатаран ойланаш гӀарайевлла йара малхбузен пачхьалкхийн халкъашна йукъахь, тӀелатар муьлххачу хенахь а доладала тарлора. Папин къамело малхбузен европин католикийн йоккхачу тобанан лаам билгал бен ца баьккхира.

Клермонера килсан гулам. Коломб Жанан Мамро Себастьенан «Французан Утремеран тӀелетар» жайнин тӀера миниатюра (1474)

Византийн империн дуккха а мостагӀий бара шен дозанашкахь. Иштта, 1090—1091 шерашкахь цунна кхерамаш тийсира печенегаша, ткъа уьш йухатуьйхира половцийн а, славянийн а гӀоьнца. Оццу хенахь туркойн хӀордан талорхочо Чакас, Ӏаьржа хӀорд чохь а, Босфор чохь эла хилла, сингаттам латтабора Константинополан гергара бердашна. Оцу хенахь Анатолин доккхаха долу дакъа дӀалаьцна дара туркоша-сельджукаша, ткъа византийн эскаран ладаме иэшам хилира царех 1071 шеран Манцикертера тӀамехь, Византийн империн къоьллин хьал дара, иза йерриг хӀаллак йаран кхерам а бара. Къоьллин бохь беира 1090/1091 шеран Ӏаьнна, оцу хенахь печенегийн Ӏаткъам цхьаьна агӀора а, церан гергара сельджукийн вукха агӀора а кхерамаш туьйсура Константинополь гуонахьара дуьненах дӀахадо.

Оцу хьолехь император Комнин Алексейа дипломатин кехаташ йаздеш вара малхбузен мехкийн урхалчашца (уггаре йевзарг йу царех Фландрин Робертца йерг), кхойкхура цаьрга гӀоьнна, дуьйцура империн ледара хьал. Кхин а билгалйевллера православин а, католикийн а килсийн гергайахаран цхьа могӀа гӀулчаш. Оцу хьелаша Малхбузен дог доуьйтура гӀодан. Амма ЖӀарахойн тӀелатаран йуьххьехь Византи чекхйаьллера кӀоргачу политикин а, тӀеман а къоьллех, 1092 шарахь дуьйна йара гӀеххьа цхьанаэшшара хьолерачу муьрехь. Печенегийн тоба хӀаллакйинера, сельджукаша жигара кампанеш ца йора византихошна дуьхьала, вукха агӀора, императоро сих-сиха тюркех а, печенегех а лаьтта мехах тобанаш гулйора шен мостагӀий охьатаӀо. Амма Европехь хетара, империн хьал ледара, император сийсаза хьолехь ву. И чот нийса а ца хилла, кхин дӀа византийн-малбузаевропин йукъаметтигашкахь цакхетарш дара.

1096—1099 шерашкара жӀарахойн тӀелетарш а, 1189—1191.
(сурт «ЖӀарахойн телетарш» йаззамера
«Сытинан тӀеман энциклопеди»; 1913 шо)

Бусалбанийн дуьне

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Анатолин доккхаха долу дакъа ЖӀарахойн тӀелатаран йуьххьехь туркойн-сельджукийн кхерста тайпанийн а, сельджукийн Рум султанан карахь дара, цара леладора суннийн некъан ислам. Цхьадолу тайпанаша дукхаха йолчу меттигашкахь къобал ца дора шайна тӀера султанан Ӏедал, йа церан шуьйра автономи йара. XI бӀешо чекхдолуш сельджукаша гатйира Византи шен дозанашкахь, 1071 шарахь Византихошна тӀехь Манцикертера тӀамехь толам баьккхина дӀалецира йерриг аьлча санна Анатоли. Амма, туркойн чоьхьара баланийн сингаттам алсама бара, керстачаьрца болчу тӀамел а. Гуттаренна сийса шиӀийшца долу девно а, султанан дарж тӀехула иккхина гражданийн тӀамо а, сельджукийн урхалчийн тидам алсама тӀебохуьйтура.

Шемин а, Ливанан а мехкашкахь имперех гӀеххьа маьрша политика лелайора бусалбанийн ахавтономин гӀаланаш-пачхьалкхаша, хьархарчу рогӀехь куьйгалла дора шайн регионан хьоле хьаьжжина, йукъара бусалбанийн хьоле а ца хьоьжуш.

Мисар а, ПалестӀинин доккхаха долу дакъа а ФатимагӀеран некъийн шиӀийшкахь дара. Церан империн доккхаха долу дакъа дайнера сельджукаш баьхкича, цундела Комнин Алексейс жӀарахошна хьехар дира йукъара мостагӀчунна дуьхьала ФатимагӀаьрца барт бе аьлла. 1076 шарахь халиф аль-МустаӀалий волуш сельджукаша схьайаьккхира Къудс-ГӀала, амма 1098 шарахь, жӀарахой Малхбалехьа гӀоьртинчу хенахь, ФатимагӀара схьайаьккхира гӀала. ФатимагӀара дог дохура жӀарахойн карахь сельджукашна, шиӀийн гуттаренна а болчу мостагӀашна, дуьхьала Гергарчу Малхбалехь шайн политика латто ницкъ хиларан, йуьхьанца дуьйна леладора хӀилланца йолу дипломатин ловзар.

Малхбалехьара жӀарахойн пачхьалкхаш 1140 шарахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалхара ЖӀарахойн тӀелатар чекхдаьллачул тӀаьхьа жӀарахоша кхоьллина пачхьалкхаш[4]:

1-ра жӀарахойн тӀелатар чекхдаьлча Левантин махкахь йиллира йиъ керстачеран пачхьалкх.

Эдессин графалла — Малхбалехь жӀарахоша йиллина хьалхара пачхьалкх. Иза йиллина 1098 шарахь Булонан Балдуин I-чо. Лаьттина 1146 шо кхаччалц. Цуьнан коьрта шахьар Эдесса хилла.

Олалла Антиохи — йиллина тарентан Боэмунд I-чо 1098 шарахь Антиохи йаьккхинчул тӀаьхьа. Олалла лаьттира 1268 шо кхаччалц.

Историографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Британин историко Франкопан Питера чӀагӀдо, ХьЖТ истори галйаьккхина йуьйцу, коьртаниг, латинан хьосташ лелон дела, XI—XII бӀешерашкара желтойн а, шемин а, эрмалойн а, жуьгтийн а хьосташ тергал а ца деш. Иштта, Франкопанан ойланца, тӀелата дагадаийтинарг Руман Папа вацара, ткъа византийн император Комнин Алексей I-ра вара. Империн арахьара а, чоьхьара а халонех вала гӀерташ цуо кхайкхам папега Урбан II-гӀачуьнга. Франкопан иштта гойту, Жимачу Азина тӀелатаран коьрта Ӏалашонаш Антиохи а, Никей а гӀаланаш хилар, уьш йаха оьшура гуо лацаран герз лело хуу тӀемлой. Нисса иштта къонахой, Франкопана дийцарехь, кхойкхура тӀелата Францехь папас бечу 1095-96 шерашкарчу хьехамашкахь[5].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. D. Nicolle, The First Crusade 1096-99: Conquest of the Holy Land, 21
  2. 1 2 D. Nicolle, The First Crusade 1096-99: Conquest of the Holy Land, 32
  3. Клермонский собор // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. История России. Всемирная, мировая история — Исторические карты и схемы проекта «Всемирная история» — государства, основанные крестоносцами после первого крестового похода. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 февраль. Архивйина 2010 шеран 18 июлехь
  5. Франкопан, 2018, с. 87–101.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Хьалхара хьосташ
Талламаш