Чулацаман тӀегӀо

Хотталург дожар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Хотталург дожар (инг. substantive case, оьрс. вещественный падеж) хIара дожар нохчийн а кхи массехь маттехь бен дац. ЦӀердешан хотталург дожаро - хӀуманах йина йолу материал, я цунах цхьа дакъа схьадоккхуш долу дерриге а гойту. Хотталург дожаро жоп ло «стенах?» йа «хьанах?»[1].

Нохчийн маттахь хотталург дожаро гойту- объект объектахь йазар; къамел хьанах, стенах лаьцна ду; хӀума стенах йина йу и. дӀ. кх.[2].

Хотталург дожаро - «стенах?» йа «хьанах?» хаттарашна жоп ло[3].

Чакхенаш хӀокха дожаре ишт хуьла: -ах, -ех, .

Масала:

  • Вахех йалла йахалур йацара Милана. ( хьанах йалла? )
  • Соьлжех кхеташ хи ду Орга. ( стенах кхетта Орга?)
  • Ненах хаьдда, доьлхуш хийзира бер. ( хьанах хаьдда бер?)
  • Нана дийцахь суна Даймахках лаций. (стенах лаций дийца?)
  1. А.И. Халидов. .
  2. .
  3. Infourok Ц1ердош а,билгалдош а .Карладаккхар. 4 кл. Инфоурок. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 июль.