Чулацаман тӀегӀо

Кедан муниципалитет

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Муниципалитет (АЕ 2-гӀа дарж)

Кедан муниципалитет
гуьрж. ქედის მუნიციპალიტეტი
ХӀост[d]
Байракх[d]
Пачхьалкх  Гуьржийчоь
Мохк Аджари
Адм. центр Кеда
Бахархой (2018, мах хадор) 16 824 стаг.[1] 
Луьсталла  стаг/км²
меттанийн хӀоттам гуьржийн
Къаьмнийн хӀоттам гуьржий 99,92 %[2][3]
Динийн хӀоттам Ислам 62,1 %
Гуьржийн православин килс 31,3 %[4][5]
Майда 452 км² 
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Кедан муниципалитет (гуьрж. ქედის მუნიციპალიტეტი kedis municipʼalitʼetʼi) — Гуьржийчоьнан муниципалитет, Аджари мехкан йукъайогӀу. Иза йу Гуьржийчоьнан къилба-малхбузехьарачу декъа тӀехь, Аджари цӀе йолу историн регионан махкахь. Административан центр — Кеда.

Муниципалитетах лаьцна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кедан муниципалитет къасталуш йу ша башха кемсийн сорташца. ЧагӀар, «Кеда Цоликаури» а, «Чхавери» а регионехь доккхуш долу чагӀар, чогӀа гӀарадаьлла ду. Болхбеш йу чагӀарийн лармаш.

Муниципалитет йеха баш-башха Ӏаламан минералашца — кхузаш ду цӀаста а, дашо а. Минералийн хиш «Кокотаури» а, «Гундаури» а лоруш ду дарбане. «Кокотаури» цӀе йолучу минералан хина йу дикаллина дуьненайукъара сертификат.

Историн тӀаьхьалонехь къасталуш йу материалан культурин хӀолламаш: Хехойн бӀаьвнаш — Кавиани, Гулеби, Дзенцмани, Сагорети, Цивасула. Нартолийн тӀулгийн тӀайш — Махунцети, Пирвели Маиси, Цониариса, Дандало. Замки — Зендиди, Цивасула.

Болх беш йу историн музей этнографин а, историко-культурин материалаш йу музей чохь.

Кедан муниципалитет йу Аджарисцкали хина харшана йуккъерчу декъехь. Оцу хина доккха дакъа (42 км) ду муниципалитетан махкахь. Кедан муниципалитетан дозанаш ду муниципалитеташца Кобулети къилбаседехьа, Шуахеви малхбалехьа, Хелвачаури малхбузехьа, цул совнах муниципалитетан ду 17 километр доза Туркойчоьца къилбехьа. Кедан муниципалитетан къилберчу декъа тӀехь ду Шавшети дукъ, къилбаседа-малхбалехьарчу — ду Месхети дукъ, къилбехьарчу а, къилбаседа-малхбузехьарчу а ду — Кобулети дукъ.

Муниципалитетан ерриге майда йу 452 кв. км. Бахархой — 16 760 стаг (2014 шарахь ларарца). Административавн центр — жима гӀала Кеда, иза лаьтташ йу хӀордан сизал 200 метр лакхахь. Муниципалитетан уггаре лекха лам бу — Гома лам (2441 метр).

2018 1 январехь ларарца муниципалитетан бахархой бара 16 824 стаг[1], 2014 шеран 1 январехь — 20,6 эзар стаг[6]

2002 шарахь ларарца кӀоштан (муниципалитетан) бахархой бара 20 024 стаг. 2008 шеран 1 январехь — 19,9 эзар стаг[1]

Къаьмнийн хӀоттам 2002 шо[3]
Гуьржий 19 958 99,67 %
Оьрсий 26 0,13 %
Абхазаш 15 0,07 %
Эрмалой 8 0,04 %
Азербайджанаш 3 0,01 %
Украинаш 3 0,01 %
кхиберш 11 0,05 %
шаберш 20 024 100,00 %
00
Къаьмнийн хӀоттам 2014 шо[7]
Гуьржий 16 747 99,92 %
Оьрсий 5 0,03 %
Украинаш 3 0,02 %
Абхазаш 2 0,01 %
Эрмалой 1 0,01 %
кхиберш 2 0,01 %
шаберш 16 760 100,00 %

Нах беха меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кедан муниципалитетан йукъахь ду 11 административан дакъа (1 йукъаралла а, 10 йартийн йукъаралла а), кхин 64 нах беха меттиг (1 гӀала а, 63 эвла а).

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]