Чулацаман тӀегӀо

Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1900

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
II аьхкенан Олимпийн ловзарш
Эмблема
Шахьар-дӀахьуриг Францин байракх Париж, Франци
Мехкаш-декъашхой 24
Къовсу мидалш 20 спортан тайпанера мидалийн 95 комплект
ДӀайелларан церемони 14 май
ДӀакъовларан церемони 28 октябрь
Олимпийн цӀе ца хилла, йукъайаьккхина 1928 шеран ловзаршкахь
Стадион дӀайелларан церемони ца хилла
Сайт olympics.com/en/o…(ингалс.)
← 1896
1904 →
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

II аьхкенан Олимпийн ловзарш (инг. 1900 Summer Olympics, фр. Jeux Olympiques d'été de 1900, официалан цӀе II Олимпиадин ловзарш[1]) дӀадаьхьна Парижехь (Франци) 1900 шеран 14 майра 28 октябрь кхаччалц [1]. Ловзарш дӀадахьар оцу хенахь французийн коьрта шахьрахь хилла Дерригдуьненан гайтамна лерина дара. Ловзарш алсама шорделира хьалхалерачу Афинера Ловзаршца-1896 дуьстича — алсама спортхой а баьхкира, алсама къийсамаш а бира. 997 декъашхо, царех 22 зуда, уьш дуьххьара дакъа лоцуш бара Олимпийн ловзаршкахь[2] (йалх зудчо хьалхейаккхар къевсира теннисехь а, гольфехь а), уьш векалш бара 24 мехкан[1], къевсира мидалийн 95 комплект, спортан 20 тайпанехь[1].

ГӀала харжар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1894 шеран 23 июнехь Сорбоннехь (Париж) хилира хьалхара ДОКан дуьненайукъара конгресс. Цигахь дийцадаьхна хеттаршна йукъахь дара I Олимпийн ловзарш дӀадахьаран меттиг харжар дара. Пьер де Кубертена 1900 шеран Ловзарш Парижехь дӀадахьар кховдийра, уьш оццу хенахь йан хан хӀоттийна Дерригдуьненан гайтамна ларар а. Амма векалш сацам бира, йалх шарахь Ловзаршка сатийсаро царна йолу ойла лагӀйан тарло. Цундела гулбеллачара сацам бира I Ловзарш дӀадахьа 1896 шарахь Парижехь ца хьуш Афинехь дӀадахьа.

Ловзарш дӀадаьхьначул тӀаьхьа желтоша дӀакхайкхийра, шайн тӀаьхьабогӀу къийсамаш а дӀабахьа бакъо йу аьлла, Желтойчоь — Олимпийн ловзарийн даймохк болун дела[3]. И ойла аратеттинера паччахьо Георга I-чо, и къобал йира дукхаха болчу цуьнан махкахоша[3]. Кубертена а, ДОКо а баркалла элира царна Ловзарш кечдарна а, дӀадахьарна а, амма йуха дӀадахьар ца магийра[4]. Цуьнан меттана цара кховдийра деа шарахь цкъа Желтойн ловзарш кечдар, царна йукъахь дакъа лаца мегар ду беккъа желтоша, и болх лело сацам бира паччахьан кӀанта Константина[4]. Цул сов, 1897 шарахь Ӏусманийн гӀайренна Критна дуьхьала тӀеман агресси йарна чаккхенца йукъара йаьккхира Афинашкахь ловзарш йуха дӀадахьаран таро[4]. Парижан пайденна харжам тӀечӀагӀбира 1897 шеран ДОКан шолгӀа конгрессехь Гаврехь.

Ловзарш кечдар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Йайн атлетикин къийсамаш дӀахьо стадион
Стадионан проектех цхьаъ

Ловзарш кечдан кхоьллира леррина кечаман комитет. Ловзарш дӀадахьа план йара ширажелтойн хотӀехь — декоративан килсанаш а, хӀолламаш а беш[5]. 1898 шеран 29 майхь хиллачу комитетан хьалхарчу гуламехь[5] кечйира Ловзарш дӀадахьаран программа. Цул тӀаьхьа, кечаман комитет йолайелира тайп-тайпана мехкашкара спортхошка кхайкха, Ловзаршкахь дакъа лаца шайн лаам хьалха дӀахаийтира Йоккха Британин, АЦШн, Российн империн, Австралин йезархойн клубаша. Амма дукха планаш чекх ца йахайелира тайп-тайпана бахьнашца.

Гайтаман директора Пикар Альфреда спорт лорура «пайда боцу, цхьан а доцу хӀума ду», йуьхьанца чӀогӀа дуьхьала вара Ловзарш дӀадахьарна, амма мелла а дехарш дича, иза тӀаьххьара реза хилира[4]. Цул тӀаьхьа, 1898 шеран 6 ноябрехь, Французийн атлетийн спортан берто кхайкхийра, Гайтамехь спортан муьлхха а къийсамаш дӀабахьа шен бен йац бакъо аьлла. ДОК ца тарйелира оцу бертаца къовсаме йала, и бакъонаш царна йитира. Ловзарш дӀадахьаран керла комитет кхоьллира 1899 шеран 19 февралехь.

Оцу комитетан коьрте хӀоьттира Пикар а, Французийн кхийсархойн ассоциацин президент Мериллон Даниэль а. Цара кхайкхийра къийсамийн керла исписка а, спортан майданийн керла исписка а. Цул сов, керла кхолламан комитето «Олимпийн» боху дош лелош дац ала мегар дара, дукхаха болу къийсамех олура «Дуьненайукъара чемпионат» йа «Гайтаман къовсам»[6]. Оцу хенахь Кубертен лелаш вара тайп-тайпана мехкашкахула, кхойкхура тӀаьхь-тӀаьхьа алсама спортхой къийсамашкахь дакъалаца.

Спортан къийсамаш дӀахьора вовшенна дикка генара меттигашкахь[6]. Йайнатлетикин дисциплинаш дӀайаьхьира Парижера Булонан хьуьнхара Хахкаран клубан майданаш тӀаьхь, некадар Сена эрк чохь, фехтовани Тюильри гӀалин бошмашкахь, теннис Парижан малхбузен декъехь, ткъа говрийн спорт малхбален[6]. Вилиспетхой къийсалуш бара «Парк де Пренс» стадион тӀаьхь, ткъа кхийсархой йерриг гӀалахула тайп-тайпана тирашкахь[6]. Гатанан кеманийн спортан къийсамаш дӀабаьхьира Парижал арахьа Ивелин департаментехь а, Гавр шахьрахь а[6].

Ловзарш дӀаделларан а, дӀакъовларан а церемони

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ловзарш дӀаделларан а, дӀакъовларан а церемони оцу ловзаршкахь ца хилира, иза бахьнехь кхин дӀа ца йаьхьира дукхаха йолу Олимпийн ламасташ. Терхьаш 14 май а, 28 октябрь а билламе ду, хӀунда аьлча оцу муьрехь Гайтаман программин йукъатуьйхира тайп-тайпана спортан къийсамаш[7].

Ловзарийн рузма

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Спорт Терхьаш
Академин пийсиг хьакхар 25, 26 августехь
Баскийн пелота 14 июнехь
Вилиспорт 11-13, 15 сентябрехь
Хинан поло 11, 12 августехь
Гольф 2, 3 октябрехь
Говрийн спорт 29, 31 майхь, 2 июнехь
Крикет 19, 20 августехь
Крокет 18, 28 июнехь, 4-11 июлехь
Йайн атлетика 14-16, 19, 22 июлехь
Гатанан кеманийн спорт 20, 22, 24, 25 майхь, 1, 5, 6 августехь
Муш дӀасаийзор 17 июлехь
Нека 11, 12, 15-19 августехь
Поло 28, 31 майхь, 2 июнехь
Регби 14, 28 октябрехь
Спортан гимнастика 29, 30 июлехь
Кхийсарш 15-17 июлехь, 1-5 августехь
Секха-Ӏад кхийсар 27 майхь-14 августехь
Теннис 6-11 июлехь
Фехтовани 14-19, 22-25, 27-29 майхь, 1, 2, 5-7, 9-15, 19, 20, 22, 23, 25-27 июнехь
Футбол 20, 23 сентябрехь

И Ловзарш уггаре гӀуон Олимпийн ловзарш ду олу[8]. Царех, 1904 шеран ловзарех санна, сих-сиха «Базарийн ловзарш» олу[8]. ГӀуон, цхьан а низам доцуш дӀадахьарна, дукхаха болчу спортхошна шеш Олимпийн ловзаршкахь дакъа лоцуьй ца хаара[8].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 4 Paris 1900 (инг.). — Игры на сайте МОК. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 24 январехь
  2. Краткая история Олимпийского движения. Олимпийский Архив. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 октябрь. Архивйина 2021 шеран 25 октябрехь
  3. 1 2 Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 16. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь
  4. 1 2 3 4 Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 17. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь
  5. 1 2 Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 18. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь
  6. 1 2 3 4 5 Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 19. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь
  7. Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 21. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь
  8. 1 2 3 Билл Маллон. «The 1900 Olympic Games: results for all competitors in all events, with commentary». 1998. Стр. 5. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 23 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 16 июлехь