Чулацаман тӀегӀо

Албогачиева, Лайлаъ Султанан йоӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Албогачиева Лайлаъ Султанан йоӀ
Шех лаьцна
Стен-боьршалла Зуда
Йуьззина цӀе Албогачиева Лейла Султановна
Пачхьалкх РФ
Говзалла Альпинизм
Йина терахь 1968 сентябрехь
Йина меттиг Ӏаьлий-Йурт ГӀалгӀайчоь
Кхелхина терахь 2014({{padleft:2014|4|0}})
Кхелхина меттиг Эльбрус, ГӀебартойн-Балкхаройчоь, Росси
Спортан карьера 1998-2014

Албогачи́ева Лайла́ъ Султа́нан йоӀ (йина 1968 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Несаран кӀоштан Ӏаьлий-Йуьртахь [1] — кхелхина 2014 шеран сентябрехь ГӀебартойн-Балкхаройн АССР Эльбрус тӀехь) — российн, гӀалгӀайн альпинист, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо. Эверест шозза къарбина — къилбанан а, къилбаседанан а агӀора — цхьаъ бен йоцу Россера зуда. Кхелхина Эльбрус тӀе хьалайолуш 2014 шеран сентябрехь. Цул хьалха Эльбрус тӀе хьалайаьлла шийттаза.

Лейла Султановна Албогачиева, российн йовзаш йолу альпинистка, йина 1968 шарахь ГӀалгӀайчоьн Несаран кӀоштера Ӏаьлий-Йуьртахь. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет Л. Н. Толстойн цӀарах йолу филологийн факультет чакх йаькхина. Ӏаьлий-Йуьртахь оьрсийн мотт а литература а хьоьхуш болх бина. 1998 шарахь шен 30 шо долуш Эльбрус тӀе йаьлла Кхарачой-Чергазийчура тобанцан [2] оьцу хенах дуьйна баккъалла, тӀетаьӀӀина альпинизм болх бан йолаелира.

Чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Толстой Л. Н. цӀарах университетан филологин факультет. Ӏаьлий-Йуьртан гимназехь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болх бира. 1998 шарахь 30 шо долуш иза дуьххьара Эльбрус тӀеелира Кхарачой-Чергазийчуьра альпинистийн тобанан йукъахь[3], оцу хенахь дуьйна ладаме лело йолаелира альпинизм.

2012 шарахь «ГӀалгӀайчоь лакхахь» цӀе йолчу проектан декъахо хилира, иза лерина йара Республика ГӀалгӀайчоьнан 20 шо кхачарна, цуьнан Ӏалашо хилира Эверест къарбар. Албогачиева Лайлаан уллехь Эверест тӀе хьалабовлуш дакъа лецира Богомолов СергейсССРС Хьакъ долу спортан говзанча, дуьненан уггаре лекха 13 бохь къарбинарг, Кореньков Владимира — альпинизм спортан говзанчин кандидат, шозза Эверест тӀе хьалаваьлла волу, Хаджиев Азнора, 44-зза Эльбрус тӀеваьлла волу, Хадзиев Мусас, 2011 шеран августехь уггаре хала тархийн-шенан маршрутаца Башлам тӀе хьалаваьлла, Евкуров Юсупа, Башлам а, Эльбрус а къарбина волу, Аушев Мохьмада, Юсупов Висана.

2013 шарахь Албогачиева Лайлаъ йуха а хьалаелира Эверест тӀе, хӀинца ша, иштта цунах хилира шозза и бохь къарбина, Россера цхьаъ бен йоцу зуда[4].

Шен альпинистийн карьерехь Албогачиева хьалаелира къилба-америкин Аконкагуа бохь тӀе а, африкин Килиманджаро ламанан тӀе а, ткъа Эльбрус тӀе 12-зза йелира.

Кхалхаран бахьанин латтам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ТӀаьххьара хилира легенда хиллачу спортхочун кхойтталгӀа Эльбрус тӀейалар 2014 шеран сентябрехь. Албогачиева Лайлаъ дагахь йара абсолютан дуьненан рекорд хӀотто — 4 агӀора хьалайала, иза хьалха цхьан а ламанан спортхоша дина дацара. Цуьнан ойла йара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан агӀора Эльбрусан малхбален бохь тӀе хьала а йаьлла, шина коьртан йуккъера нуьйр тӀе охьа а йоьссина, цул тӀаьхьа малхбузен бохь тӀейаьлла а йаьлла Кхарачой-Чергазийчоьнан агӀора охьайосса. Цул тӀаьхьа альпинист ша бинчу новкъа йухайерза йезаш йара[5].

Хьалайолучу хенахь Албогачиева Лайлаа дӀайазбира массо а дуьненан мехкийн куьйгалхошка лерина, Дуьненан тӀехь тӀемаш совцаде, цӀий Ӏанар сацаде аьлла видеокхайкхам: «Украинехь леш бу баккхий нах а, зударий а, бераш а. Эзарнашкахь бераш байш дисина. ТӀеман хиламаш Шемахь, Исраилехь, Иранехь… ТӀом хила беза ца магийна тайпанан гӀуллакхан. Оцунна дуӀа деш, кхача гӀерта дерриг дуьненан машаран адамаш».[6] Спортхочо дӀайаздинарг тӀаьхьа карийра цуьнан хӀуманаш йукъахь.

Албогачиеваца йолу зӀе дӀайелира 17 сентябрехь, амма альпинист лаха 21 сентябрехь, гулбала безачу меттиге Терскол поселке иза ца кхаьчначул тӀаьхьа, бен ца буьйлабелира. Лахаран операцехь дакъа лоцуш вара 124 стаг (царна йукъахь Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йерриг регионашкара а, ткъа кхин Нижни Новгородера а кӀелхьардахархой). Спортхо лохуш лелийра 28 техника, цхьаъ долара вертолёт, лахар дӀадаьхьира экстремалан ражехь, масийттаза сацийра чолхе хенан-хӀоттаман хьал бахьнехь. Лохуш де-буьйса даьлча Эльбрус тӀехь карийра спортхочун альпинистийн гӀирс а, долара хӀуманаш а. Ша Албогачиева Лайлаъ 3 октябрехь бен ца карийра — лахаран-кӀелхьарайаккхаран операцин тӀаьхьарчу дийнахь. Лахаран операци чекхйаларх официалан кхайкхам а бина лам тӀера охьабуьссучу хенахь кӀелхьардахархошна гира цуьнан дакъа 150 метр кӀоргехь дотӀана чохь. Иза карийра хьалха цуьнан хӀуманаш карийначу меттиган 200 метр генахь. Албогачиева лайлаан дакъа 5200 метр лакхара охьа а даьккхина дӀаделира гергарчарна.

Оцу хенахь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь хьажцӀахь волчу Республика ГӀалгӀайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, Албогачиева Лайлаан гергарчаьрга кадам беш телеграмма йахьийтира: «Лайлаъ кхалхар чӀогӀа халахетта ца Ӏа цуьнан гергарчарна, иза халахетта ГӀалгӀайчоьнан берриг бахархошна, иза мел йевзачунна, цуьнца цхьаьна тӀе а ца довлало ламанан баххьаш къарбинчарна. Иза йара онда, доьналла долуш стаг. Ӏалашоне кхача гӀерташ, даймохк безаш, ца дан лург дан кийча йолуш, иза йара ГӀалгӀайчоьнан къоман дозалла, Российн сий»[7].

2014 шеран 5 октябрехь Республика ГӀалгӀайчохь тезет кхайкхийра кхелхинчу альпинистан[8].

Албогачиева Лайлаъ дӀайоьллира тайпанан кешнашкахь, йинчу Ӏаьлий-Йуьртахь. Цуьнан цӀе тиллина Ӏаьлий-Йуьртан спорткомплексан[9].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]