Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу Тӏа́либ аль-ХӀашими аль-Къураший (Ӏали, Ӏела; Ӏаьр. أبُو الحَسَنِ عَلِيُّ بْنُ أَبِي طَالِبٍ الهَاشِمِيّ القُرَشِيُّ; 599 шеран 17 март, Макка, Хьижаз, Ӏаьрбийн ахгӀайре[2] — 661 шеран 29 январь, Куфат, Рашидунин халифат[2]) — иза Рашидунин халифатан воьалгӀа халиф ву 656—661 шерашкахь урхалладина, Мухьаммад пайхамаран ﷺ девешин кӀант а, нуц а, цуьнан накъостех (асхьабех) цхьаъ а ву. Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ а, шийӀашна гергахь хьалхара имам а ву.
Ӏалий дуьххьара бера хилла божаршна йукъахь ислам тӀеэцначарах. Мухьаммад пайхамара ﷺ аьлла: «Нагахь санна со — Ӏилманан гӀала йелахь, ткъа Ӏалий — оцу гӀалийн догӀа ду».
Ӏалий жигара декъашхо хилла хьалхарчу исламан историн берриг ладаме хиламийн а, пайхамара ﷺ динан мостагӀашца бан безна берриг тӀемийн а. Ӏела халиф хилла Ӏусман вийначул тӀаьхьа. Тайп-тайпана хиламех бахьна хилира Муавийс гражданийн тӀемаш бар, ткъа чеккхенгахь халиф хьавариджийн карах иза валар.
Исламан исторехь Ӏела вуьйцу тайп-тайпана[3]. Суннийшна го иза веа бакъ халифехь тӀаьххьара халиф санна. ШиӀийш Ӏела лору хьалхара имам а, веза стаг а санна, Мухьаммад пайхамарца ﷺ башха уьйр йолу муъмин а, тӀемло а, корта а. Цунна йаздо дукха тӀеман майраллаш а, инзараллаш а. Йуккъера Азин легендо чӀагӀдо, Ӏелин ворхӀ каш хилар, хӀунда аьлча, дӀавуллучу нахана гина, Ӏелин дакъанца йолу цхьаьна эмкалах ворхӀ а хилла, уьш маьӀ-маьӀӀе дӀасайахар[4].
Дахар дӀайаздар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхара шераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цуьнан йуьззина цӀе йу: Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф аль-Къураший. Цунах олуш хилла кхин а Абу ТӀураб а, Хьайдар а. Мухьаммад пайхамара олуш хилла цунах Муртад («резавинарг», «хаьржинаверг») а, Маула («хьомениг») а[5].
Вина хӀижрат далале 22 шо хьалха (599—600 шераш) ражаб беттан 13-гӀа дийнахь Маккахь къурайшийн тайпанан Бану ХӀашиман некъийн коьртан Абу ТӀалийбан а, Фатима бинт Асадан а доьзалехь. Дукха хьосташ хоуьйту, Ӏела бен вац сийлахь КаӀбатан[6] чохь вина. Ӏелин да — Абу ТӀалийб хуьлура Мухьаммад пайхамаран ﷺ ден ӀабдуллахӀан нанас дена вина ваша. Да-нана деллачул тӀаьхьа, Мухьаммад ﷺ масех шарахь кхийра девешийн доьзалехь. Шен рогӀехь, Абу ТӀалийбанан гӀуллакхаш дакъазадевллачул тӀаьхьа, ткъа Хадижат йалийначул тӀаьхьа Мухьаммадан ﷺ гӀуллакхаш тоделлачул тӀаьхьа, цуо кхион схьаийцира шега Ӏела.
Ӏелийн исс йа итт шо долуш, цуо тӀеийцира ислам дин, цунах хилира дуьххьарлера бер а, боьрша стаг а ислам дин тӀеэцначарах. Шен дахаран берриг Маккан муьрехь Ӏалий генаваьлла вац Мухьаммад пайхамарна. Мухьаммад пайхамар Мадината кхалхале, маккахой гӀиртира иза виен. Зуламхой цуьнан цӀа чу бахча, царна цу чохь карийра Ӏела, ша верна кхерам боллушехь Мухьаммадан ﷺ метта вижнера иза, зуламхойн терго йайархьама. Ткъа пайхамар оцу хенахь Мадината новкъахь вара. Мелла а хан йаьлча Ӏалий а кхелхира цига[5].
Кхин хьажа
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Али-заде А. Али ибн Абу Талиб // Исламский энциклопедический словарь — М.: Ансар, 2007. — С. 68.
- ↑ 1 2 Али бен-Аби-Талеб // Энциклопедический словарь / под ред. И. Е. Андреевский — СПб.: Брокгауз — Ефрон, 1890. — Т. I. — С. 438.
- ↑ Ислам: ЭС, 1991.
- ↑ С. А. Токарев Мифы народов мира: энциклопедия, Том 2. Сов. энциклопедия, 1987
- ↑ 1 2 Али-заде, 2007.
- ↑ "ʿAlī (Muslim caliph)"(ингалс.). Encyclopædia Britannica.