Чулацаман тӀегӀо

Эдвардс, Тереза

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эдвардс Тереза
инг. Teresa Edwards
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 175 см
Йозалла 68 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1964 шеран 19 июль({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (60 шо)
Йина меттиг Кейро, Джорджи, АЦШ
Ишкол Кейро (Кейро, Джорджи)
Колледж Джорджи (1982—1986)
Драфт ДКъБА 14-гӀа, 2003, Миннесота Линкс

Командаш
Ӏамийна командаш
2007 АЦШн байракх Миннесота Линкс асс.
2011 АЦШн байракх Талса Шок асс.
2011 АЦШн байракх Талса Шок ханна
2014 АЦШн байракх Атланта Дрим асс.
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзаршкахь
Деши Лос-Анджелес 1984 баскетбол
Деши Сеул 1988 баскетбол
Борза Барселона 1992 баскетбол
Деши Атланта 1996 баскетбол
Деши Сидней 2000 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши ССРС 1986
Деши Малайзи 1990
Борза Австрали 1994
Панамерикин ловзарш
Деши Индианаполис 1987 баскетбол
Борза Гавана 1991 баскетбол
Америкин чемпионаташ
Дети Бразили 1997
2011 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Эдвардс Тереза (инг. Teresa Edwards; йина 1964 шеран 19 июлехь, Кейрохь, Джорджи штатехь, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а, деазза олимпийн чемпион АЦШ гулйина командехь. Баскетболан сийлаллин залан декъахо 2011 шарахь дуьйна, ФИБА сийлаллин залан декъахо 2013 шарахь дуьйна.

Эдвардс Тереза — доьзалера деа берех йоккхаха йерг (цуьнан шел жима кхо ваша ву). Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа дийшира Джорджин университетехь (инг. University of Georgia), левзира университетан баскетболан командехь. 1984 шарахь 20 долуш кхайкхира АЦШ гулйина команде, цунна йукъахь Лос-Анджелесера Олимпиадехь хилира баскетболех ловзарехь уггаре къона олимпийн чемпион. NCAA деа шарахь левзина Тереза дозанал арахьа левзира — Италин, Японин, Испанин, Францин клубашкахь, хӀунда аьлча оцу шерашкахь АЦШ йацара профессионалан зударийн баскетболан лиганаш. Цу тӀе Тереза даиман а кхойкхура АЦШ гулйина команде тайп-тайпанчу турнирашка — Олимпийн ловзаршка, дуьненан чемпионаташка, Панамерикин ловзаршка, Дика лааман ловзаршка.

1995 шарахь Тереза цӀайирзира АЦШ, шен йоьалгӀачу Олимпиаде кечйала. Атлантера XXVI аьхкенан Олимпиада дӀаелларан церемонехь Эдвардса олимпийн дуй биира спортхошна хьалхара. Олимпиадел тӀаьхьа ловза йолайелира керла кхоьллинчу Америкин баскетболан лигехь(ингалс.) (ABL). 2000 шарахь йуха а кхечира АЦШ гулйина олимпийн командин йукъа, Ловзаршкахь пхоьаззалгӀа дакъалаьцна, ткъа иза рекорд йу зударшна-баскетболхошна йукъахь, хилира уггаре йоккха олимпийн чемпион баскетболех ловзарехь (36 шо хан йолуш), кхин а хилира баскетболан исторехь дуьххьарлера деазза олимпийн чемпион.

2002 шарахь левзира французийн Валансьенера «Олимпик» йукъахь, цунна йукъахь хилира зударийн Евролигин чемпион. 2003 шарахь 38 шо долуш ДКъБА драфтехь хаьржира зударийн КъБА Миннесота Линкс клубо, цунна йукъахь левзира кхин а шина шарахь. 2004 шеран декабрехь контракт йаздира екатеринбурган УГМК клубаца[1], цунна йукъахь масех матч левзира 2004/05 шеран шолгӀачу декъехь.

Ловзархочун карьера чекхйаьлча тренер-ассистент болх бира зударийн КъБА клубашкахь: 2007 шарахь — Миннесотехь, 2011 шарахь — Талса Шок командехь (цунна йукъахь 2011 шеран йуккъехь дуьйна иштта кхочуш дира коьртачуенеран декхарш)[2].

  • Доьазза олимпийн чемпион (1984, 1988, 1996, 2000).
  • Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (1992).
  • Дуьненан чемпион (1986, 1990).
  • Дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо (1994).
  • Дикачу лааман ловзарийн чемпион (1986, 1990).
  • Панамерикин ловзарийн чемпион (1987).
  • Панамерикин ловзарийн борзанан совгӀатхо (1991).
  • Джонс Уильяман кад баьккхинарг (1984).
  • Европин чемпионийн кедан (1987)[3] а, Евролигин (2002) а толамхо.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Среди «лисиц» появилась «рысь». Коммерсантъ (Екатеринбург) (2004 шеран 28 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 4 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 6 мартехь
  2. Richardson Steps Down, Edwards Named Interim Coach (инг.). WNBA.com (2011 шеран 10 июль). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 4 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 16 апрелехь
  3. Il campionato femminile dal 1986 al 1990 (итал.). BATS Web. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 4 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 13 апрелехь
  4. Teresa Edwards (инг.). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 28 май.
  5. FIBA announces 2013 Hall of Fame Class (инг.). FIBA (2013 шеран 27 май). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 28 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 11 июнехь Архивйина 2013-06-11 — Wayback Machine