Чулацаман тӀегӀо

Ойстрах, Давид Фёдорович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Ойстрах Давид
Давид Фишелевич Ойстрах
Коьрта хаам
Бакъ цӀе оьрс. Давид Фёдорович (Фишелевич) Ойстрах
Йина терахь 1908 шеран 30 сентябрь({{padleft:1908|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Вина меттиг Одесса
Кхелхина терахь 1974 шеран 24 октябрь({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (66 шо)
Кхелхина меттиг Амстердам
Пачхьалкх
Говзаллаш Ӏад хьокху пондарча, альтист, дирижёр, хьехархо
СовгӀаташ
Ленинан Орден — 1946 Ленинан Орден — 1966 Орден «Сийлаллин Билгало» Орден «Сийлаллин Билгало» — 1937
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
Финляндин лоьман орденан кавалер Леопольд II-гӀачун орденан кавалер
ССРС Халкъан артист— 1953 РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1942 Ленинан совгӀат — 1960 Сталинан совгӀат — 1943
«Грэмми»
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш


О́йстрах Дави́д Фёдорович (Фи́шелевич) (1908 шеран 17 [30] сентябрь, Одесса24 октябрья 1974, Амстердам) — советийн Ӏад хьокху пондарча, альтист, дирижёр, Хьехархо. ССРС халкъан артист (1953). Ленинан (1960) а, Сталинан а хьалхара тӀегӀанан совгӀатийн лауреат (1943).

Ойстрах Давид вина Одессехь жуьгтийн доьзалехь. Да — шолгӀа гильдин совдегаран кӀант Ойстрах Фишель Давидович[1][2], нана — Ойстрах Бейла Шепселевна (1880 — 1942 шерал тӀаьхьа)[3][4]. Деден, Бершадехь винчу, шолгӀа гильдин совдегаран Ойстрах Дувид Мошковичан, кхечарна йукъахь йара бепиг ден меттиг Екатеринин урамехь, № 99 (цуьнан долахь йара оцу урамера кхо гӀат йолу цӀаьлг, № 91)[5]. 1908—1932 шерашкахь Д. Ф. Ойстрах вехира деца-ненаца Екатеринин урамехь № 29 йолчу са йолучу Кумбарин цӀа чохь (Полицин маьӀиг)[6]. Нана хорхо болх беш йара Одессин оперин театрехь.

Пхи шо долучу хенахь дуьйна Ӏамош вара Ӏад хьокху пондар а, альт а лакха П. С. Столярский волчохь, йуьхьанца шеш мах а луш, ткъа 1923 шарахь дуьйна — Одессин музыкин-драмин институтехь (хӀинца Одессин къоман музыкин А. В. Неждановин цӀарах академи), иза чекхйаьккхира 1926 шарахь. Институтехь Ӏамийра башха гармони а, полифони а композиторан Н. Н. Вилинскийн куьйгаллица. Студент а волуш, болх бира Одессин симфонин оркестрехь солист а, дирижёр а санна.

1926 – 1928 шерашкахь — Одессин Посредрабисан солист. 1927 шарахь Киевхь авторан урхаллица хӀоттийра А. К. Глазуновн Ӏад хьокху пондаран оркестрца концерт. 1928 шарахь Ӏад хьокху пондарчин дебют хилира Ленинградехь, кхин а шо даьлча Москохахь концерт хӀоттийра, дукха хан йалале гуттаренна а цига кхелхира. 1932—1934 шерашкахь а, 1941 шарахь дуьйна а — Москохан филармонин солист, 1961 шарахь дуьйна — дирижёр.

1935 шарахь туьйлира 2-гӀа Йерригсоюзан музыкантийн-лакхархойн къовсамехь, оццу шарахь Ӏад хьокху пондарчийн дуьненайукъара Венявскийн цӀарах къовсамехь делира шолгӀа совгӀат (толамхо хилира Ж. Невё). Кхин а ши шо даьлча туьйлира Брюсселера Изаин цӀарах къовсамехь, тӀаккха дуьненна а вевзира.

1938 шеран афиша

1942 шарахь зудчуьнца, кӀентаца, ненаца кхалхийра Москохара Свердловске. ТӀеман заманахь музыканто жигара дакъа лецира тӀеман-шефан балхахь, концерташ гайтира мобилизацин меттигашкахь, госпиталашкахь, Ленинградан блокадехь, Къилбаседан флотан хӀордахошна хьалха. 1943 шарахь ансамблехь вара пианистца Л. Оборинца а виолончелистца С. Кнушевицкийца а. И ансамбль лаьттира С. Кнушевицкий 1963 шарахь валлалц. ЕКП(б) декъахо 1942 шарахь дуьйна.

ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа долийра жигара концертийн гӀуллакх. 1945 шарахь публикин чӀогӀа хазахийтира цуьнан Москохахь йелла И. С. Бахан шалха концерта И. Менухинца цхьаьна (дозанал арахьара дуьххьарлера тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа веина ССРС музыкан). 1946—1947 шерашкахь хӀоттийра «Ӏад хьокху пондаран концерт кхиар» цӀе йолу цикл, цигахь гайтира Я. Сибелиусан, Э. Элгаран, У. Уолтонан, А. Хачатуряна леррина цунна йазйина концерташ. Ӏад хьокху пондарчин лерина йу Д. Шостаковичан Хьалхара Ӏад хьокху пондаран концерт оркестрца, иза цуо хӀоттийра шен хьалхарчу гастролашкахь Нью-Йоркехь 1955 шарахь. Концерташ гайтира кхин а альтист волуш а.

Болх бира оркестршца куьйгаллехь О. Клемперер, Ю. Орманди, К. Кондрашин, Г. Караян, Д. Митрополус, кхин берш а болуш. Гастролаш йира дуьненан дуккха а мехкашкахь.

1934 шарахь дуьйна хьийхира Москохан консерваторехь (1939 шарахь дуьйна — профессор, 1950 шарахь дуьйна — Ӏад хьокху пондаран кафедрин куьйгалхо), цуьнан дешархошна йукъахь бара цуьнан кӀант Игорь, Хьалхара Дуьненайукъара П. И. Чайковскийн цӀарах къовсам толамхо В. Климов, В. Пикайзен, С. Снитковский, О. Каган, М. Готсдинер, Л. Бруштейн, Л. Фейгин, Л. Исакадзе, Г. Кремер, О. Крыса, А. Винницкий, кхин а Ӏад хьокху пондарчаш.

Дуьненайукъара П. И. Чайковскийн цӀарах къийсамашкахь «Ӏад хьокху пондар» номинацехь вара хуьйцуш воцу жюрин председатель хьалхарчу пхеа (1958 - шарахь) шарахь.

Вара дикка чӀогӀа шахматист, цхьаьна хенахь йукъараллин чӀогӀа хазахийтира цуьнан С. Прокофьевца 1937 шарахь Москохахь хилла матч, туьйлира Д. Ойстрах[7].

Файл:Могила Д.Ф. Ойстраха.jpg
Д. Ф. Ойстрахан Москохара Новодевичьи кешнашкара каш

КӀант Игорь иштта хилира Ӏад хьокху пондарча, студент а, аспирант а вара шен ден Москохан консерваторехь, тӀаьхьа дас а, кӀанта а дуккха а цхьаьна лекхира дуэтаца[8].

Музыкант велира дог гӀелделла 1974 шеран 24 октябрехь Амстердамехь (Голланди) концер чекхйаьлла месех сахьт даьлча. ДӀавоьллина Москохахь Новодевичьи кешнашкахь (№ 7 йолу дакъа).

  • Зуда — Ротарева Тамара Ивановна, пианистка.

Кхолларалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ойстрах Давид — уггаре гӀараваьллачех цхьа векал ву оьрсийн Ӏад хьокху пондаран ишколан. Цуьнан лакхар къасталора виртуозан пондар бовзарца, техникин говзаллица, кӀеда а, бовха а пондар бекарца. Цуьнан репертуарехь йара классикин а, романтикин а кхолламаш И. С. Бахера, В. А. Моцартера, Л. Бетховенера, Р. Шуманера Б. Бартоке, П. Хиндемите, С. С. Прокофьевга, Д. Д. Шостаковичега кхаччалц (Ӏад хьокху пондаран Л. ван Бетховенан сонаташ Л. Оборинца цхьаьна лакхар лору оцу циклан уггаре дикачех цхьа интерпретаци), амма цуо хазахетарца локхура хӀокху заманан авторийн кхолламаш а, масала, наггахь бен ца хӀотто П. Хиндемитан Ӏад хьокху пондаран концерт.

Фильмографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]