Чулацаман тӀегӀо

Ингалс

53°10′ къ. ш. 1°28′ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ингалс
England
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «(фр.): Dieu et mon droit (Дела а, сан бакъо а
Ингалсан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 928 ш.
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Лондон
Йаккхий гӀаланаш Лондон, Бирмингем, Лидс, Шеффилд, Ливерпуль, Манчестер, Ковентри, Лестер.
Урхаллин тайпа Дуалистийн монархи (Йоккха Британин дакъа)
Монарх
Премьер-министр
Charles III
Джонсон Борис
Пачхь. дин Англиканалла
Латта
 • Шадерг 133 396 км²
Бахархой
 • Мах хадор 53 012 ,456 [1] стаг
Ахча Стерлингийн фунт
Телефонан код +44
Сахьтан асаш Гринвичца йукъара хан а, Europe/London а
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ингалс я Ингалс пачхьалкх[2] (инг. England [ˈɪŋɡlənd]) — нох. ИнгалсЙоккха Британин чудогӀучу латтанан-гӀайренах уггаре боккха мохк бу Ингалсан мохк. Йоккха Британин къилба-малхбалехьа лаьтта иза инг. mainland. Ингалс мохк хӀоттабелла, кхечу гӀайренаш тӀийра мехкашца 927 шарахь, амма ингалс мохк кхоьллина германхойн тайпанаш 5-гӀа а, 6-гӀа а бӀешарашкахь. Лондон уггаре йоккха шахьар йу Ингалс пачхьалкхехь а, Йоккха Британехь а, ишта Европин барт йукъахь а.

Церах лаьцна

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Йоккха Британин картан тӀехь Ингалс

Оьздангалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Къоман духар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ингалсан паччахьалла йелахь а ехаш къоман ламасташ йолуш, хӀетте а цуьнан дац билгалдаьккхина къоман духар.

Моррис хелхар

Ингалсан къоман духаран масалийн даладо дукха хьолахь моррис хелхарчийн духар. И хелхар до аьхка ярташкахь. Хьалхарчу заманахь иза лорура ламасталлийн хелхар, деш хилла латта самдоккхуш, цунна боозбуунчаллийн маьӀна до. Тайп-тайпана хелхаран тобанаш тарйолуьйту классикан духаран вариацеш. Духар лаьтта Ӏаьржачу доца когаш долчу, голанаш гуонаха горгалиш оьхкинчу хечех, кӀайн кучах, пхьуьйшдоцучух, асанашца а, зезагашца а кечбина бӀегӀаган я чен шляпа. Гарголаш, шляпан тӀиера зезагаш санна, дихкина зуламах ларвайта а, латта хьан дан а. Юьхьанца и хелхар божарша бен ца дора, амма хӀинца зударша а дакъалоцу.

Цул сов, ойланаш ю, цаьрца хьаьжчи ингалсан къоман духаран бух схьаэца беза ингалс-саксонийн тайпанашкара, бехаш хилла болчу хӀинцалерачу Кент графаллехь VII—VIII бӀешерашкахь. Боьршачу наха лелайора охьахецна гӀодайукъ йихкина сирла гатан кучамаш (накхан тӀехь жима чет хилла кучан, иза озадора чимчаргӀашца) а, Ӏаьржа хечеш а. ХаьнтӀахь шаьлта хилла кхозуш. Зударша лелийна сирла йеха кучамаш, цунна тӀехула юхуш хилла доьхка доьхку нуьйдарчий йолу зударийн гӀовтал.

Амма Йоккха Британехь йу цхьайолу профессионалан башхаллаш духарехь а, цуьнан дакъошкахь а. Масала, белхалоша кепканаш лелайо, ткъа портан гӀаланашкара докераш лаг тӀе къорза йовлакх доьхку; дукхах болу баккхий фермераш лелайо дуккха а хьалха модера дӀаевлла костом, хечий, пхьуьшдоцурггий, бӀегӀаган шляпий. ХӀинца а ган таро йу Ситин гӀуллакхан куьпашкахь клеркаш, генарчу ламастаца цхьатерра духар доьхна: готта хеча асанца, Ӏаьржа пиджак, лекха кӀайн кач, коьрта тӀехь гоьрга шляпа, ткъа карахь Ӏаьржа четар.

Хьалха хилла:
Паччахьалла Уэссекс
519927 гергга
Ингалс паччахьалла
927 гергга — 30 апрель 1707
Когаметтаниг:
Йоккха Британин паччахьалла
30 апрель 17071 январь 1801

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 2011 Census, Population and Household Estimates for the United Kingdom: (2011 Census: QS211EW Ethnic group (detailed), wards in England and Wales (ZIP 7239Kb))
  2. «Русско-чеченский словарь» (авторы — А. Т. Карасаев, А. Г. Мациев)
  • Рапопорт С. И. Англия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.