Джалеби
Джалеби | |
---|---|
Йукъа йогӀу къоман кухнийн | |
ХӀиндин кухни, Пакистанан кухни, Ӏаьрбийн кухни, Иранан кухни, ОвхӀанан кухни | |
Авторалла | |
Пачхьалкх | |
Компоненташ | |
Коьрта | бод, шекаран шатӀ |
Хила мега | ровзанан хи, лимонан мут, шафран |
Аналогаш | |
локъам, гарзнийн хьовла, чуррос | |
Медиафайлаш Викилармехь Джалеби |
Джалеби — ХӀиндин а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а, Кавказан, гӀезалойн десерт. Алсама аьхьна кӀен даман бедах йина гарзнаш, кхорзу ялгӀун чохь тӀе шекаран шатӀ боьттина гхин тӀаьхь (кӀезиг ца леладо кхин а ровзанан хи я лимонан мут)[2].
Джалеби хьалха дуьллу довха а, шийла а. Цуьнан тӀехула карамель юьллу, цуо чам тобо.
Шен дарца джалебих тера ду испанин чуррос (испанин кухнин шен заман чохь чӀогӀа Ӏаткъам бина Ӏаьрбаша), ткъа иштта тюркаша лело десерт чак-чак, нохчийн гарзнийн хьовла. Иза кхин а даьржина дуккха мехкашкахь, царна юкъахь Росси а, хворост, муравейник. Российн йаззамашкахь джалеби наггахь локъмашца дусту, амма локъам, российн вариантехь — чуйоьллина хӀума йоцу, зайлан чохь ерриг еттина пирешка ю, ткъа джалеби ечу хенахь бод буткъа зайлан чу а бутту (джалеби, чуррос, имарти) я чукхуьйсу кегийра кийсигашка.
Истори а, тахане а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Джалебин даймохк лору Гергара Малхбале, тера ду и дош гӀажарийн я Ӏаьрбийн «залибия»[2] дашах. XIII бӀешарахь Мухьаммад-бин-Хьасан-аль-БагӀдадис[en] хьахийна джалебин рецепт шен юургийн жайнахь. XV бӀешарахь джалеби тӀом бечу гӀажарашца ХӀинде кхаьчна, цигахь а йолуш яра тера десерт — имарти.
Джалебин кхин а дика чам бан Иранехь царех туху шафран, ткъа ХӀиндехь — кевра[en] (панданан хи). ХӀиндехь джалеби иштта хьалха дуьллу рабрица[en] — юкъйина шуран Ӏиндин аналогца.
Керста Ӏаьрбийн из аду ЖӀаратохаран Ӏидан ламастан даар, Иранан бусалбачара из ало мискачарна Рамаданехь, дуу Ӏиданашкахь[3]. ОвхӀанехь иза дуу Ӏай чӀераца[3].
Тахана джалеби кӀезиг ца духку базарашкахь а, Мароккора Бангладеше кхаччалц ураман махлелорхоша а, дукха хьолахь до оьцурш уллехь болуш. Джалебин лерина яьхна эшарш ю, уьш лоькху масех болливудан фильмашкахь, лондонан музыкантан Four Tet композици а ю.
Джалебин цӀераш мехкашкахула
[бӀаьра нисйан | нисйан]Даарийн цӀераш
Къилба Ази:
- хӀинди जलेबी (джалеби);
- непалийн: जेरी (джери),
- маратхийн: जिलबी (джилаби)
- бенгал. জিলাপি (джилапи);
- ассам. জেলেপী (джелепи);
- гудж. જલેબી (джалеби);
- канн. ಜಿಲೇಬಿ (джилеби);
- малаял. ജിലേബി (джилеби);
- ори ଝିଲାପି (джилапи);
- м.-пандж. ਜਲੇਬੀ (джалеби);
- там. ஜிலேபி (джилеби);
- телугу జిలేబి (джилеби);
- тагал. джалеби;
- сингалийн: පැණි වළලු (паьни валалу);
- силхетийн: (зилафи);
- синдхи جلیبی (джалеби);
- урду جلیبی (джалеби);
Малхбуза Ази:
- гӀаж. زولبیا (зульбия);
- пушту ځلوبۍ (заьлобия);
- юккъера кхурдойн: زۆلبیا، زلابیە (золбия, зилабие);
- къилба кхурдойн: زوولبیا، زوولیبیلیا (зульбия, зулибилия);
- лурийн: زلهیبی (зулейби);
- азербайджанийн: zülbiyə زولبیا
- Ӏаьрбийн: زلابيه (zalābiyah) or زلبي (залеби);
Къилбаседа Африка:
- сомалийн: مُشَبَك (мушаббак);
- Мисар: مِشَبٍك (мешабек);
- Тунис: زلابيه (залабия);
- харарин: ሙሻበኽ (мушаббах).
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Кийча джалеби
-
Малхбузен Бенгалин джалеби яран процесс.
-
ХӀиндин десерт имарти къаьста бедан асанаш стомма хиларца.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 (unspecified title) — ISBN 978-2-84416-769-9
- ↑ 1 2 Oxford, 2014, p. 424.
- ↑ 1 2 Oxford, 2014, p. 425.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- The Oxford Companion to Food / Alan Davidson, Tom Jaine. — Oxford University Press, 2014. — С. 424–425. — ISBN 978-0-19-967733-7.