Наполеонан некъ
Арахьара хатӀ
Наполеонан некъ — Эльба гӀайрен тӀиера веддачул тӀехьа Наполеон I-чо бина некъ. ХӀинца иза французийн Къоман №85 маршрутан 325 километран дакъа ду.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Наполеон
[бӀаьра нисйан | нисйан]1815 шеран 1 мартехь Гольф-Жюан бухтехь охьавоьссинчул тӀаьхьа Наполеон 1200 стегах лаьтта эскарца Грас тӀевахара, тӀаккха Альпашна тӀекхечира Дюранс хин тогӀен чухула. Оцу хенахь некъ цхьаццанхьа чӀогӀа хала бара. Грасан а, Динан а йукъара некъ бина а бацара, ткъа императоран эскар оцу декъехь бӀарзнаш тӀехь чекхделира.
XX бӀешо
[бӀаьра нисйан | нисйан]XX бӀешарахь некъ тобира. Силам некъ 1927 шарахь биллира. Маршрутан «Наполеонан некъ» цӀе елира 1932 шарахь.
Маршрут
[бӀаьра нисйан | нисйан]Наполеонан некъ боьду хӀокху гӀаланашкахула:
- Антиб
- Грас
- Сен-Валье-де-Тье
- Кастеллан
- Динь-ле-Бен
- Систерон
- Гап
- Кол Байард
- Корпс
- Ла Мур
- Лаффре
- Гренобль
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Викилармехь йу Наполеонан некъ теман медиафайлаш