Алжазаира
Алжаза́ира (Ӏаьр. الجزائر эль-Джаза́ир), юьззина официалан кеп — Алжаза́ирин Ха́лкъан Демокра́тин Респу́блика (АХДР)[4] (Ӏаьр. الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية эль-ДжумхӀури́ййа эль-Джазаири́ййа эд-Ди́мукъратӀы́ййа эш-ШаӀби́ййа, берб. ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттайуккъерахӀордистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкин пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха Африкин пачхьалкх[5]. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).
Алжазаирин доза ду МагӀрибца малхбухехь, Мавританица а, Малица а — къилба-малхбузехь, Нигерца — къилба-малхбалехь, Ливица а, Тунисца а — малхбалехь. Мехкан доккхаха долу дакъа лаьтта Саьхьарин гӀум-арахь. Коьрта шахьар — Алжазаира гӀала.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀе схьайолу шен коьрта шахьаран ойконимах — Алжазаира гӀаланах (Ӏаьр. مدينة الجزائر), цунна и цӀе кхаьчна ша латтар бахьнехь — иза йиллина X бӀешарахь бердан йистерачу деа гӀайренан тӀехь, цунах цӀе йелла «Аль-Джазаира» (Ӏаьрбийн маттахь «гӀайренаш»)[6].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Алжазаира ширачу заманахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Карийна лахара а, йуккъера а палеолитан заманера (400—300 эзар шо хьалха) тӀулган гӀирсаш. Ширачу заманахь хӀинцалерачу Алжазаирин махкахь дехира шира ливин тайпанаш. Вайн эрал XII бӀешо хьалха кхоллаелира хьалхара финикийн колонеш[7].
Вайн эрал III бӀешо хьалха кхоллабелира тайпанашна йукъара берташ массилийн а, мазезилийн а. Массилийн куьйгалхочо Массиниссас цхьаьнатуьйхира ший а барт цхьааллин пачхьалкхе Нумидега. Нумидин паччахь Югурта (вайн эрал 116—105 шо хьалха) ийшира Югуртин тӀамехь Румал, вайн эрал хьалхара 46 шарахь Нумидех йира Руман провинци[7].
Вайн эран 438 шарахь Къилба Африкин бердан дакъа (цунна йукъахь Алжазаирин хӀинцалера мохк а) схьадаьккхира вандалаша. 439 шарахь кхоьллира вандалийн а, аланийн а паччхьалла. 534 шарахь хӀинцалера Алжазаирин дакъа даьккхира Византис[7].
VII—XIX бӀешераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]VII бӀешарахь Алжазаирин хӀинцалера мохк схьабаьккхина Ӏаьрбаша, тӀетоьхна Ӏаьрбийн халифатан. Византийхой лаьхкира. Мехкан бахархошна йукъахь дукха сиха даьржа ислам[7].
761—909 шерашкахь Алжазаирин махкахь лаьттира хаваражийн имамат Тийарат, цигахь урхалла дира РустамгӀар. Иза ФатӀимийгӀеран Ӏаткъам бахьнехь йоьжначул тӀаьхьа, бевддачара Сахьарехь кхоьллира йуккъера бӀешеран пачхьалкх Мазаб. ФатӀимийгӀеран когаметта хилира ЗиригӀар. 1014—1152 шерашкахь Алжазаирин доккхаха долчу декъехь урхалла дира ХьаммадийгӀар[7].
XI бӀешарахь Алжазаирин махка даьхкира Ӏаьрбийн тайпанаш — бану хиляль а, бану сулайм , цуо сихдира Ӏаьрбий баржар. Алжазаирин малхбузан дакъа схьадаьккхинера АльмаробитӀугӀар, уьш хийцира АльмуваххьидунгӀар. Таламсан хилла ЗийанийунгӀеран пачхьалкхан (ӀабдальвадидгӀеран) коьрта шахьар[7].
XVI бӀешо долалуш испанхоша дӀалоцу бердашца йолу Алжазаирин гӀаланаш: Мерс-эль-Кебир (1505), ВахӀран (1509), Биджая (1510), Алжазаира (1510), кхин а. Алжазаирин феодалаш кхайкхам бира Барбаросса вежаршка корсарашка гӀо доьхуш. Хайреддин Барбароссас урхалла дира Алжазаирехь 1519—46 шерашкахь, ша туркойн султанан куьйгакӀела хилар къобал дира, цуо цунна бейлербейн дарж делира. XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь Алжазаирех Ӏусманан империн пашалык (провинци) хилира, иза екънера 3 бейликан: КъасантӀийна, ТийтӀарий (Мадийа), МаӀасикар (ВахӀран). Варварийн берд даьржа хӀордан талораш. 1711 шарахь ДейгӀеран Баба Ӏалис эккхийра тӀаьххьара туркойн паша, султанан ясакх ца луш сецира. Европин пачхьалкхаша къобал йира факт хилла Алжазаирин маршо. XVIII бӀешо чекхдолуш дейгӀеран пачхьалкх гӀелъелира, хӀордан талорех хуьлу са цӀеххьана юьйжира[7].
XIX бӀешо долалуш йолало французийн колонизаци.
- 1830 шо — французийн колонизацин тӀелатаран юьхьиг. ТӀеман къовсам (масала, Ӏабд аль-Къадиран гӀаттам) бахло XIX бӀешо чекхдаллалц.
- 1848 шо — Алжазаира кхайкхийна Францин мохк (Французийн Алжазаира) бу аьлла, екъна департаменташка коьрте префекташ а хӀиттийра, коьртехь хуьлу французийн инарла-губернатор.
XX бӀешо
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013 . U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
- ↑ Human Development Indices and Indicators 2019 (инг.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН.
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ До разделения Судана на собственно Судан и Южный Судан занимал второе место по территории
- ↑ Поспелов, 2002, с. 30.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Алжазаира // А — Ангоб. — М. : Советская энциклопедия, 1969. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 1).
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Главса М. Спящий пробуждается. Путешествие по Алжазаирау. — М.: Географгиз, 1959.
- Ланда, Роберт Г. История Алжазаираской революции 1954—1962 гг. — М., 1983.
- Ланда, Роберт Г. История Алжазаирин. XX век. — М.: 1999.
- Поспелов Е. М. Географические названия мира. Топонимический словарь / отв. ред. Р. А. Агеева. — 2-е изд., стереотип. — М.: Русские словари, Астрель, АСТ, 2002. — 512 с. — 3 000 экз. — ISBN 5-17-001389-2.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Алжир, французская колония в Африке // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Викиларма: Атлас: Алжазаира
- Конституция Алжира (1963)(ингалс.)
Пачхьалкхан институташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сайт действующего президента страны Архивйина 2012-11-12 — Wayback Machine
- МИД Алжазаирин Архивйина 2007-10-03 — UK Government Web Archive
- Министерство туризма
- Информация об органах конституционного контроля Алжира на сайте Института права и публичной политики Архивйина 2013-06-17 — Wayback Machine