Арса
Арса йа колл — ораматийн дахаран кеп; 0,8—6 метр лекха дукха шерийн дечиган ораматаш[1], диттах къаьста, йоккха йолуш коьрта гӀад ца хиларца, ткъа долу масех йа шортта гӀодмаш, дукха хьолехь лаьтта вовшашна тӀекӀела а довлий. Деха 10—20 шарахь.
Дукхах дерг кхуьу хьаннийн (коьллийн буц-аре, хьун-тундра) дозанехь. Хьаннашкахь кхуллу шолгӀа тӀегӀа.
Ладаме бахамехь оьшуш йу стоьмийн а, цӀазамийн а коьллаш: кхез, жагӀнакх, кхин а.
Раункиеран дахаран кепийн системехь фанерофиташна йукъа йоьду.
Классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]И. Г. Серебряковн дахаран кепийн системица аьрсаш йекъало йеа классе:
- Йерриг дечиг хила дахдина патаргашца.
- Йерриг дечиг хилла дахдина патаргашца.
- Розеткин.
- Суккулентан-гӀодмийн гӀаш доцу.
- Ахпаразитийн а, паразитийн а.
Йерриг дечиг хила дахдина патаргашца йолу арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукхаха йолу арсаш хӀокху классера йу.
Гуран геннаш ортотропан (нисса ирх), плагиотропан (анин йа таьӀна) йа лианоидин, кхуллу дукха йа кӀезиг вегетативан геннаш, шо кхаьчна патаргийн шеддийн йаккъаш йахйелла йу.
Класс йекъало кхаа бухара классан:
- Нисса лаьттарш.
- Ахпростратан а, текха.
- Лианокепара.
Нисса лаьтта арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Латтан тӀехулара семнаш кхуьу нисса ирх (ототропан), латан бухара плагиатропан дакъош гӀийла кхиича кхуллу мелла а луьста курс. Нагахь дечиг хилла деха латан бухара гӀад делахь (ксилоподеш) йа шуьйра ораманмаргӀалш долу система лаьтта семса, цара кхуллу масех иттаннаш квадратан метр куртинаш. Уггаре дукха кепаш йолу бухара класс. Йаьржина тайп-тайпана климатан областашкахула. Йекъало аэроксилан а, гидроксилан а кепашка.
Аэроксилан
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лаьтта бухахь геннаш ца даржало. Керла семанаш латан бухахь кхоллало орамаш санна. МаргӀалийн геннаш латан тӀехула бен ца хуьлу, долало латан тӀеххула масех вертикалан йа дӀатаьӀна семанаш йолуш. Дитташна а, арсашна а йукъара дехьадаларан кепаш.
Семса аэроксилан арсаш дикка герга йу дукха гӀодмаш доцучу (арсакепарчу) дитташна, масала, кӀеда дакх санна. Аэроксилан семса арсийн масалаш — датта, чайнбалл, дак (Российн Европин декъера тайган зонин гӀуон уьшалаш долчу меттигехь).
ГӀайбинкепара аэроксилан арсийн амалехь ду ладам боцуш, массо а маргӀалашна цхьатерра, шарахь тӀейевлла, луьста лаьтта гоман семанаш а, геннаш а. Геннийн баххьаша кхуллу гӀайбанан мелла а нийса баххьаш. Масалаш — Bupleurum fruticosum, Poterium spinosum, Tragacantha декъера рода астрагал тайпана кепаш.
Геоксилан (бакъ йолу арсаш)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Семанийн лаьттан бухахь геннаш довлу ораматаш, кхуллу стаммий а, дукха деха а лаьттане бухара дечиг хилла семанаш (ксилоподеш), царна тӀера дӀасадоьду алсамо дуткъа а, кӀезиг деха а лаьттан тӀехулара маргӀалш. Европин флорин дукхаха йолу арсаш йо цара. Масалаш — хьармак, бӀаьлланг, муьстарг тайпана кепаш. Оцу тобанера йу тропикин а, субтропикин а асанера буту эрзан кхин а дуккха кепаш.
Аэроксилан а, геоксилан а арсаш йекъа мега бухара тобанашка вегетативан меттаха ца йовлурш а вегетативан меттаха йовлурш а (орамийн маргӀалашна а, столонашна а). Ораман маргӀалийн аэроксилан арсийн масалаш — кока, чанбаллкепара наркаш. Вегетативан меттаха йовлу геоксилан арсийн масалаш — Philadelphus coronarius, ма-дарра сирень, КӀайн лайн цӀазам.
Ахпростратан а, текха а арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Коьрта сема а, агӀонан геннаш а дийшина, орамаш тосуш, айало бохь болчохь. Коьрта ораман система лей а йуьсу (семанашна гӀийла орамаш тесча). Дукхаха йолу ахпростратчарна, схьагарехь, геннаш лаьттан тӀехула бен ца довлу. Наггахь бен ца хаало аридан областашкахь, хӀуонда хуьлу Лаьмнийн цанийн а, субарктикин а областашкахь, кхуллу гома хьаннаш (масала, Krummholz Альпашкахь лаьтта ламанан баганех а, ламанан маьънех а; Скандинавин лаьмнашкара докан хьуьнан коьллех а; Европин лаьмнашкара арсийн жӀоламийн кепех а).
Лианакепара арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гоман семанийн хьуьнар дац , лулара дечиган ораматашна тӀе а тевжаш ша ортотропан дегӀ даккха. Лианакепара диттех къаьста дуткъа гӀадца (диаметр 5—8 см сов йац). Дукхаха дерг даьржина тӀуьна тропикин а, субтропикин а хьаннашкахь, наггахь хуьлу саваннин Ӏиттало хьаннашкахь а, арсашкахь а. Царна йукъа йогӀу термера дечиган лианаш. Лианийн дозанера классификацин бух бу текхаран хьесапашкахь.
Дацдина маргӀалашца йолу розеткин арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Даккхий гӀашшан дацдина шеддийн йаккъаш а, розеткаш а йолу лаьттан тӀехулара семанаш йу. Наггахь бен хуьлуш йац. Масалаш — арсийн пальма Bactris major, Dracophyllum fiordense, Brachyglottis stewartiae. Розеткин а, дахдина маргӀалш йолу а арсашна йукъахь йу дехьадаларан кепаш — Olearia oporina, Olearia lyallii.
Суккулентан-гӀодан гӀаш доцу арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дилханан консистенцин гоман семанаш кхочуш йо хи дӀадуьллу а, ассимиляцин а функцеш. Алсама йу нийса лаьтта кепаш. Масала — Opuntiа тайпанан а, кхин а кактусаш, Euphorbia тайпанаш.
Ахпаразитийн а, паразитийн а арсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йеха кхечу дечиган ораматаш тӀаьхь, царна тӀелета гаусторийшца. Абсолютан дукхачеран хуьлу баьццара гӀаш, хьуьнара ду фотосинтез йан. Масалаш — Loranthaceae тайпанаш, коьртаниг, тропикашкахь, барамера зонехь — Viscum album (селенгӀа) а, цхьацца Santalaceae (Osyris alba ЛаьттайуккъерахӀордан областера).
Йаржар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Диттел а алсама экологин агӀора адаптиван йу, арсаш шуьйра йаьржина. Уьш хӀуонда а хуьлу, уггаре бес-бесара а хуьлу, дитташна хьелаш дика ца хилча — тропикин а, барамера а асанан аридан областашкахь, хьуьнан асанан полюсан дозанехь, ламанан хьаннийн лакхарчу дозанехь. Арсийн фитоценотикин роль тӀекхетарца, церан тайпанан а, экологин-морфогенетикин тайп-тайпана кепаш тӀекхета. Цу тӀе цхьаьна кепара орамаш дехьадала тарло диттан дахаран кепера арсашка.
Тропикаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тропикин зонехь арсаш хаало тӀуьна тропикин хьаннашкара гӀум-аренашка кхаччалц.
Арсаш ган таро йу догӀанийн тропикин хьаннаш йаьржинчу берриг махкахь. Кхузахь уьш ладаме лакхайовлу (6—8 м кхаччалц а, кхин лакха а), маргӀалашна геннаш гӀила тосу, гӀаш даккхийра ду, дукха хьолехь гигрофилан. Дукхаха йолу арсаш — аэроксилан, геннаш ца тосу дукха шерийн лаьттан бухара гӀодмаш доцуш хуьлу. Йохонза догӀанан тропикин хьуьнхахь ца лелайо фитоценотикин ладаме роль. Хьаннаш хьокхучехь йа цӀераш йевллачехь арсийн таро йу даккхий мехкаш дӀакъовла, кхуллу шолгӀа хала дехьавалало коьллаш. Флористикин тӀуьна тропикин хьаннаш дикка къен йу арсийн кепашца.
Климатан аридалла чӀагӀйаларца арсийн тропикин фитоценозан роль тӀекхета. Африкин, ХӀиндин, Йуккъера а, Къилба а Америкин Ӏиттало хьаннех дука хьолехь олу «арсийн» хьаннаш. Система йолу «арсийн хьаннаш» лаьтта тайп-тайпана кепара акказех а, кхин тайпана кхоьн шала-месах тера чолхе гӀашца. Наггахь хӀуонда хуьлу дечиган месех тера гӀаш дерш, — Адина, Harrisonia, цхьацца кепара рутаннаш, бурзераннаш, бигнонийнарш. Оцу формацин дукхаха йолу арсийн кӀохцалш ду. Ӏиттало а, саваннийн а хьаннашкара арсаш, — къегина билгалйевлла ксерофиташ йу. Кхузахь гучуйовла геоксилан арсаш. Церан лаьттан бухара маргӀалаш алсама кхуьу лаьттан тӀехуларчарел, алсамо стомма хуьлу, алсама йеха. Стаммий лаьттан бухара семанашкахь тӀуналла дӀайуьллу. Флористика агӀора арсаш кхузахь иштта алсама йу.
Арсийн тундраш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Арсаш хӀуонда хуьлу субарктикин а, альпийн а зонин климатехь. Субарктикин асанехь билгалйолу арсийн тундрийн бухара зона. Иза кхуллу лоха дако, дакхо, мао. Арсийн аса къаьста ламанан тундрехь.
Барамера аса
[бӀаьра нисйан | нисйан]Канадин, АЦШн тайган хьаннашкахь арсаша кхуллу кхиина къух (пузыреплодник, хьармак, муьрг, кхез, жамесия, дерзина стайр, пенсильванин чайнбалл, стов), ткъа Россехь (дак, кӀохцалийн хьармак, сира стайр, ма-дарра сура). Тайган къилбаседехь гучуйолу лоха дакхан арсийн кеп.
Арсийн чкъор дика кхиина шуьйра гӀаш долу а, ийна а хьаннашкахь. Климат шелйаларца термофилан стов, клекачка, скумпия, харцмуьрг, элхьамч хийцало шелонах ца кхоьру бӀаьлланг, чанбалл, жимолость, чӀинжарг, берзацӀазамаш.
Буц-аренашкахь а, ахгӀум-аренашкахь а кӀезиг ца хуьлу ксерофитан арсийн къух, цара кхуллу арсийн буц-аре, цигахь хӀуонда хуьлу кока, буц-аренан миндаль, арсийн балл, маск.
Барамера асанан гӀум-аренан областашкахь арсийн кепаш максимуме кхочу, декъа лаьмнашкахь муххале а.
Субтропикаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Арсаш шуьйра йаьржина субтропикин климатан биоценозашкахь. Тропикашкахь санна, уггаре дукха флористикин кепаш а, ораматий йукъаралашкара ладаме роль а лерина йекъа йовха аьхке а, Ӏаьнан йочанаш а йолчу аридан областашна. ЛаьттайукъарахӀордйистехь а, Капан областехь а оцу климатехь кхуллу спецификин йукъараллаш, уьш цигахь абсолютан хӀуонда йу.
ТӀуьна субтропикин хьаннашкахь арсаша кхуллу луьста дукха хьолехь хала чекхвалало къухаш, тӀаккха а ловзайо кӀелайоьллина роль а, хаъал кӀезиг тайпана кепаш а. Арсийн хӀуондалла кхузахь хила ца тарло хьуьнан йистехь йа хьуьнан чкъор доьхначу меттигашкахь бен.
Биологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дитташца йуьстича арсаш лоха хилар, доьзна церан сема дукха ца йахарна, цӀеххьана дахаран цикл йацйаларх. И йацло маргӀалийн сихалла тӀекхетарца. Цхьа могӀа арсийн шеран кхиар 60—70 сантиметр сов хуьлу, наггахь кхочу 140—160 см. Аьлча а, арсаш — меллаша кхуьу ораматийн кеп йац, сиха кхуьу кеп йу.
Арсийн лаьттан тӀехулара семанийн кхиаран муьран бохалла йуккъера барам 10—15-зза кӀезиг бу диттел. Арса уггаре лакха йолу дахаран 3—5 шарахь.
Коьрта семано а, иза хуьйцу семанаша а карлайовларан шен дахаран цикл лаьттан тӀехула йовларера боьххье кхаччалц 10—15 шарахь, наггахь 20—30, кхин сов чӀогӀа нилха. Цхьадолу маргӀалийн дахар герга диттийн дахарна (30 а, сов а шо кокин, чӀинжарган), ткъа кхечеран — бецийн ораматийн цикл санна (цӀекомар, маргӀалаш ле 2 шо долуш). Цу тӀе дахаран циклан йохалло цхьаьна доьзалера ораматийн кеп хуьйцу шуьйрачу дозанехь, цхьаьна тайпанан йукъахь а, масала, рубус, муьжг, гравилат, астрагал.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ КУСТАРНИК: ГЕОГРАФИЧЕСКИЙ СЛОВАРЬ . ТӀекхочу дата: 2009 шеран 15 февраль. Архивйина 2009 шеран 13 февралехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Качалов А. А. Деревья и кустарники: Справочник / Под ред. проф. А. И. Колесникова. — М.: Лесная промышленность, 1970. — 408 с.
- Серебряков И. Г. Экологическая морфология растений. Жизненные формы покрытосеменных и хвойных — М.: Высш. шк., 1962.