Алейников, Александр Георгиевич
Александр Георгиевич Алейников | |
---|---|
Вина терахь | 1913 шеран 5 (18) август |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1995 шеран март (81 шо) |
Кхелхина меттиг: | |
Эскаран тайпа | пехота[d] |
Дарж | красноармеец, старшина |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Александр Георгиевич Алейников (1913 шеран 5 (18) август, Саратовн губерни — 1995 шеран март, Гуьмсе, Нохчийн Республика) — старшина, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 3-гӀа Белорусски фронтан 43-гӀа армин 70-гӀа кхиссархойн дивизин 252-гӀа кхиссархойн полкан взводан куьйгалхо, Советски Союзан Турпал.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1913 шеран 5 (18) августехь белхалон доьзаллехь. Иза оьрсий вара. 1949 шо дуьйна КПСС декъашхо. Цо Гуьмсехь йолу йукъаралин школа чекхйаьккхинчул Гуьмсера эчиг некъан станцин депохь болх бира. 1935—1937 шерашкахь иза ЦӀен Эскарехь вара[1].
1943 шерахь иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира Коькчетаван областан Щучински райвоенкоматас[2]. ТӀом бан волавелира гӀуданан батальонехь[3].
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀемтӀахь Алейников вара 1944 шеран октябрь дуьйна. 1945 шеран 5 апрелехь старшина Алейников массарелла хьалха мостагӀийн окопан чу а иккхина масийтта фашист а, мостагӀийн пулемёт а хӀаллакйира. Гросс-Фридрихсбергехь (Кёнигсберг уллехь) тӀом боьдуш хенахь Алейников хи дӀадохуьйту биргӀан тӀоьхулу шозлугӀа этаж тӀе а ваьлла шен шина накъостаца фашистан гранаташ чу а кхиссина уьш хӀаллакбира. 1945 шеран 11 апрелехь мостагӀий тӀелетча цунна чов йира, амма иза тӀеман йукъара ца велира[1][2][3].
1945 шеран 29 июнехь Алейникован Советски Союзан Турпал цӀе йелира[2][3].
ТӀом чекхбаьллча иза цӀавирзира. 1957 шо дуьйна иза вара Рубцовскехь йолу № 46 йолу гӀишлошйаран трестан № 1 йолу гӀишлошйаран урхаллин слесарь-ремонтхо болх беш. 1964 шо дуьйна Алейников Гуьмсехь болх беш вара[1][3]. ДӀавоьллина Гуьмсехь.
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Советски Союзан Турпал (1945 шеран 29 июнь);
- Ленинан Орден (1945 шеран 29 июнь);
- Шиъ ЦӀен Байракхан орден (1945 шеран 8 апрель а, 9 апрель а);
- 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1985 шеран 11 март);
- 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1945 шеран 17 март);
- 3-гӀа даржан Силаллийн орден (1944 шеран 18 декабрь);
- мидалш.
Дагахлаттавар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Рубцовскехь йолу Толаман Паркехь Турпалхойн Аллейхь дӀахӀоттийна Александр Алейникован сурт[4].
1996 шарахь А. Г. Алейникован цӀе тиллина Дон-тӀера-Ростовехь болуш болу ураман[5].
Алейникован цӀе тиллина Гуьмсехь болу ураман[6].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 Алейников, Александр Георгиевич . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- ↑ 1 2 3 Люди и Книги.
- ↑ 1 2 3 4 Павловская И. С..
- ↑ Алейников Александр Георгиевич . Официальный сайт органов власти Алтайского края (2015 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август. Архивйина 2021-10-19 — Wayback Machine
- ↑ Улица Алейникова (Ростов-на-Дону, Советский район) . Большой Ростов (2014 шеран 17 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август.
- ↑ Улица Алейникова. Гудермес
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Алейников, Александр Георгиевич . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- Алейников Александр Георгиевич [18.08.1913] . Люди и Книги. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август.
- Павловская И. С. Алейников Александр Георгиевич . Виртуальная выставка. Библиотечная информационная система. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август.
- Герои Советского Союза. Воины 43-ей Армии Архивйина 2021-10-17 — Wayback Machine (ТӀе цакхочу хьажорг) Теллина 2015 августехь 11.
- Воины Алтайского края в штрафных частях ПАВШИЕ(ТӀе цакхочу хьажорг) (ТӀе цакхочу хьажорг) Теллина 2015 августехь 11.
- Планы по восстановлению железнодорожной инфраструктуры в Чеченской Республике.(ТӀе цакхочу хьажорг) (ТӀе цакхочу хьажорг) Теллина 2015 августехь 11.
- Адамаш абатца
- Бинарш 18 августехь
- Бинарш 1913 шарахь
- Бинарш Российн имперехь
- Белларш 1995 шарахь
- Белларш Гуьмсехь
- Советски Союзан Турпалхой
- Ленинан орден йелларш
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал йелларш
- «Кёнигсберг йаккхарна» мидал йелларш
- Белларш 18 августехь
- Белларш 1913 шарахь