Шуренан хьалхара тӀом
Дуьне́нан хьа́лхара тӀом (йап.. Йапнойн-Девтойн тloм , оьрс. Шолгla Даймехкан тloм , итл. Доьалгla маршойаккхаран тloм , кхет. Империализман хьалхара тloм , инг. Сийлахь болу тloм) - дlaболабелла 1914-чу шарахь мангалан беттан 28-чу дийнахь , ткъа чекхбаьлла 1918-чу шарахь лахьанан беттан 11-чу дийнахь.Цу тlaмехь дакъалаьцна цу хенахь хилла йолу 59 пачхьалкх йукъера 38 пачхьалкхо.Цу тlaмехь дlaкхелхина а , лаздина а , хlyсам доцуш а дисна эзарза эзаршкахь адам.
1914-гla шо тle ма кхаьчча Европа йеккъа йара шина тleман барта тle.Цхьаъ бара «Кхолха Барт» бохуш цle йахана лелаш , цуьнан чохь йара Девтойн шуре а , Острих-Мажаройн шуре а , Паччахьалла Итлойчоь а.Важа бертан цle йара «Антанта» , цу чохь йара Оьрсийн шуре а , Бриттойн шуре а , Кхоалгla Галойн пачхьалкх а.Цу берташкахь долу девнан бехкана гloьртинахилар лаккхарчу тleгlaне даьллера Боснехь Острих-Мажаройн Мехк-ден вешин кlaнт Франц Фердинанд шен зудчуьнца Гаврило Принцип бохучо вийча Сараевехь.Паччахьалла Сербойчоь реза хиллера зуламхо схьалоцуш гlo дан , амма церан цхьана xlyман тleхь барт ца хиллера - Сербойчоьно шайн махк чухецийта дезаш дара острихойн сур.И дар-дацар доьдуш лаьтташехь Оьрсийн шурено ша сербашна дов эккхахь тlexloтта кийча хилар кхайкхадинера , ткъа 25-гlaчу мангалан беттан дийнахь Оьрсийчоьнехь сур тleман кийчалле даьккха аьлла сацам бинера.Хьалхара «тleман кечаман муьран» де хаьржина дара 26-гla мангалан беттан де.Цу дийнахь къайлаха адам суре кхойкхуш сур хьаладуза дезаш дара.Иза дара сербаша шайга острихойн сур чудаийта боху бехкам йухатохале а , и чу ца даийтина аьлла вукхара тloм кхайкхале а , Девтойчоь йукъагlepтале а хьалхе.Цу бертийн къепо кху девне йукъаозийнера Девтойн шуре а , Бриттойн шуре а , Галойчоь а (тlaьххьара шиъ шайн мехкан дозанал дехьахь долу латтанашца).Лахьанан баттахь Девтойн шурено а , lyсманойн шурено а , Острих-Мажаройн шурено а , Паччахьалла Болгаройчоьно а кхоьллинера «Йуккъера пачхьалкхаш» аьлла барт , ткъа Итлойчоь дехьайаьллера «Антанта» чу оханан баттахь.
ТӀеман шерашкахь тӀамехь дакъалоцучу сурашка кхайкхина 70 эзарза эзарал сов стаг, царна йукъахь 60 эзарза эзарал Европера, царах велла 9 - 10 эзарза эзарал стаг. Машаре бахархойн эшамаш бу 7 - 12 эзарза эзар гергга стаг[7][8]; 55 эзарза эзар стаг гергга чевнаш йина[9]. И тloм хила цхьа баккхий карчамийн дlадолорхо , царна йукъахь 1917-чу шеран Оьрсийчоьнехь хилла Чиллин буржуазин а, Эсаран социалистийн а, 1918-чу шеран Девтойчоьнера Лахьанан карчам а[10]. ТӀом бахьанехь йоха а йоьхха дlaйаьллера йиъ шуре: Оьрсийн а , Острих-Мажаройн а, lyсманойн а , Девтойчоьнан а.
Декъашхой
бӀаьра нисйанТерахь | Хьа кхайкхийна | Хьанна кхайкхийна |
---|---|---|
1914 | ||
28 июль | Австро-Мажаройчоь | Серби |
1 август | Германи | Росси |
3 август | Германи | Франци |
4 август | Германи | Бельги |
Британи | Германи | |
5 август | Черногори | Австро-Мажаройчоь |
6 август | Австро-Мажаройчоь | Росси |
Серби | Германи | |
9 август | Черногори | Германи |
11 август | Франци | Австро-Мажаройчоь |
12 август | Британи | Австро-Мажаройчоь |
22 август | Австро-Мажаройчоь | Бельги |
23 август | Япон | Германи |
25 август | Япон | Австро-Мажаройчоь |
1 ноябрь | Росси | Хункар-мохк |
2 ноябрь | Серби | Хункар-мохк |
3 ноябрь | Черногори | Хункар-мохк |
5 ноябрь | Британи Франци |
Хункар-мохк |
1915 | ||
23 май | Итали | Австро-Мажаройчоь |
3 июнь | Сан-Марино | Австро-Мажаройчоь |
21 август | Итали | Хункар-мохк |
14 октябрь | Болгарин паччахьалла | Серби |
15 октябрь | Британи Черногори |
Болгарин паччахьалла |
16 октябрь | Франци | Болгарин паччахьалла |
19 октябрь | Итали Росси |
Болгарин паччахьалла |
1916 | ||
9 март | Германи | Португали |
15 март | Австро-Мажаройчоь | Португали |
27 август | Румыни | Австро-Мажаройчоь |
Итали | Германи | |
28 август | Германи | Румыни |
30 август | Хункар-мохк | Румыни |
1 сентябрь | Болгарин паччахьалла | Румыни |
1917 | ||
6 апрель | АЦШ | Германи |
7 апрель | Куба | Германи |
10 апрель | Болгарин паччахьалла | АЦШ |
13 апрель | Боливи | Германи |
20 апрель | Хункар-мохк | АЦШ |
2 июль | Желтойчоь | Германи Австро-Мажаройчоь Хункар-мохк Болгарин паччахьалла |
22 июль | Сиам | Германи Австро-Мажаройчоь |
4 август | Либери | Германи |
14 август | Цийчоь | Германи Австро-Мажаройчоь |
6 октябрь | Перу | Германи |
7 октябрь | Уругвай | Германи |
26 октябрь | Бразили | Германи |
7 декабрь | АЦШ | Австро-Мажаройчоь |
7 декабрь | Эквадор | Германи |
10 декабрь | Панама | Австро-Мажаройчоь |
16 декабрь | Куба | Австро-Мажаройчоь |
1918 | ||
23 апрель | Гватемала | Германи |
8 май | Никарагуа | Германи Австро-Мажаройчоь |
23 май | Коста-Рика | Германи |
12 июль | Гаити | Германи |
19 июль | Гондурас | Германи |
10 ноябрь | Румыни | Германи |
- Можачу басар тӀехь йаздинчо гойту дипломатин йукъаметтигаш йохар, ца гойту тӀом кхайкхабар.
Девнан хьалхара истори
бӀаьра нисйанЙаккхийчу пачхьалкхашна йукъахь барт ца хилар — Девтойн шуренан, Острих-Мажаройчоьнан, Итлойчоьнан а, Галойчоьнан а, Сийлахь Бриттойчоьнан, Оьрсийчоьнан — алсама долуш дара тӀом болабалале дуккха хьалха дуьйна.
1870-1871 шерашкахь девтоша толам баьккхина болу тloм чекхбаьлча Невредевтойн Бартах Девтойн шуре а кхуллуш Отто пон Бисмарка аьллера xlapa :
«Онда Девтойчоьнна лаьа ша паргlaт йитийта а , ша дуьненахь кхиийта а , цундела онда сур хилийта деза цо шегахь , xlyнда аьлча батта чохь урс долчунна цхьаа тleкхета ваьхьар вац.Шайолу пачхьалкх , Галойчоь йоцург , вайх хьашт йу , цундела уьш ма-хуьллу вайна дуьхьал болу тleман берташ ца кхолла хьожур бу шайна йукъахь къовсам хилахь»
Амма и шен даржа мукъаваьлча Девтойчоьнан амал жим-жимма хийцалуш йара цуьнан керлачу куьйгалхошкахь шен пачхьалкхан керахь массо кепара олалла хилийта лаам хилла дера.Амма церан хьашташна новкъарло йора йаккхийн шуренаша , ала дашна , Бриттойн шурено.Девтойчоь , ша къона пачхьалкх хиларца , тlaьхьайиснера дуьне декъарна , цундела и дозанал дехьара йолу тlaьхьалонаш йоцуш йиснера.
1879-чу шарахь эсаран беттан 7-чу дийнахь чlaгlaм йазбо Острих-Мажаройчоьно а , Девтойчоьно а Венехь , «Шалха барт» а кхуллуш.Цу бертан бехкам бара цхьа пачхьалкх кхечуьнца тlaме йалахь цу сохьта цунна ма-хуьллу гlo дан.Йуха кхо шо даьлча хlyтосург беттан 20-чу дийнахь царна Паччахьалла Итлойчоь вовшахкхеттачул тlaьхьа бертан цle хийцало «Кхолха барт».Цу бартана дуьхьал Галойчоьно а , Оьрсийн шурено а къобалбо 1894-чу шарахь кхолламан беттан 4-чу дийнахь Галойн-Оьрсийн барт , цунна тlaьхьа боьду 1904-чу шарахь оханан беттан 8-чу дийнахь къобалбина болу Ингалсан-Галойн барт , ткъа цунна тlaьхьа боьду тlaьххьара барт - Ингалсан-Оьрсийн.И берташа латтаца доьзна долу хаттарш билгалдоккхур.Кlopга аьлча , Ингалсо а , Галойчоьно а Априкера латтанийн дозанаш тleчlaгlдо ; Оьрсийчоьно а , Ингалсо а Шалгly-мохк кхаъ laткъамийн декъе боькъур : неврехь долу латтанаш оьрсийн laткъамехь дара , негleхь долу латтанаш ингалсан laткъамехь , ткъа йуккъара латтанаш цхьаьнга а кхочуш дацара.Цу кхолабелла болу бертан цle хиллера «Антанта» , нохчийн маттахь и хир ду «Деган барт» санна
Шен агӀора, гуттаренна а цхьаьнаэшшара боцу кхерч хилла Европехь латтара Австро-Мажаройчоь. И дуккха а къаьмнаш деха импери гӀертара Берлинан конгрессехь кхаьчна, 1908 шарахь дӀалаьцна Босни а, Герцеговина а (хьажа: Боснийн кризис) латто. Цуьнца цхьаьна иза гӀертара, Балканашкахь берриг славянийн турсло хилла лаьтта, Российна дуьхьала латта. Шен агӀора къилба славянаш цхьаьнатохаран йукъ хила таро йара Сербин а, Российн бартхочун.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Nurullah Ardic. Islam and the Politics of Secularism: The Caliphate and Middle Eastern Modernization in the Early 20th Century. — Routledge, 2012. — С. 200—201.
- ↑ Эмират Джебель-Шаммар
- ↑ Tucker, Spencer (2005), [[[:Кеп:Google books]] Encyclopedia of World War I], Santa Barbara, CA: ABC-CLIO, p. 1074, ISBN 1-85109-420-2, ТӀекхачаран де: 2010 ш. 07 майхь
{{citation}}
: Проверьте значение|url=
(справка) - ↑ Сагитов Р. История независимого Дарфурского султаната (XIII в. – 1917 г.). Материалы III Всероссийской молодёжной научно-практической конференции
- ↑ Егорин А. З. История Ливии. XX век. — Институт востоковедения РАН, 1999. — С. 48—49. — ISBN 5-89282-122-6, ББК 63.3(5) (6Ли) Е 30.
- ↑ 1 2 Evans, David. Teach yourself, the First World War, Hodder Arnold, 2004. P. 188
- ↑ Keegan, John (1998), The First World War, Hutchinson, ISBN 0-09-180178-8, — page 8.
- ↑ Bade, Klaus J; Brown, Allison (tr.) (2003), Migration in European History, The making of Europe, Oxford: Blackwell, ISBN 0-631-18939-4, OCLC 52695573, — pp. 167—168
- ↑ Западный мир отмечает 90 лет со дня окончания Первой мировой войны
- ↑ Willmott, H.P. (2003), World War I, New York: Dorling Kindersley, ISBN 0-7894-9627-5, OCLC 52541937, — p. 307